ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Росгвардин эскархочун герз лачкъийна хилла Соьлж-ГIалахь вийначу жимачу стага


Соьлж-ГIала, жима стаг вийна меттиг
Соьлж-ГIала, жима стаг вийна меттиг

Цхьана версица Соьлж-ГIалахь етропавловски шоссехь Iуьйранна 8 30 минот яьлча некъаца лаьттачу полисхоша "Форд Фокус" машен сацийна таллам бан. Цунна урхалла дечу кIанта герз тоьхна полисхошна. Дуьхьал герз тоьхна иза вийна.

Кхечу версица, машен саца а ца еш, герз а тоьхна, дIаваха гIоьртина хилла вийнарг. Зорбанан гIирсаш дуьйцу иза тIемало хилла бохуш.

Маршо Радионо хьалхо хаам бина ма хиллара, вийнарг ву Теркйистера вахархо Азиев Iусман.

«Северный Кавказ» Telegram-канало хаам бо, цул хьалха цу кIанта Росгвардехь болх бечу шен гергарчу стеган тIеман духар а, герз а, машен а лачкъийна хилла бохуш. Цул тIаьхьа иза лехаме велла хилла.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун гIончо Дудаев Ахьмада хаам бина ТАСС агенталле, Соьлж-ГIалахь Петропавловски шоссехь тIелатар дича полисхошна эшам ца хилла.

Дудаевс дийцарехь, ницкъаллин структурийн белхахой гIортина хилла полисхошна тIелатар дан дагахь хилла стаг лаца.

"Иза герз детта волавелира, иза вен дийзира дуьхьал герз тоьхна", - аьлла Дудаевс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG