ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Саутиева кхин а 3 баттахь лаьцна йита сацам бина Ессентуки гIалин кхело


Саутиева Зарифа
Саутиева Зарифа

Ессентуки гIалин кхело сацам бина 3 баттана, ГIура-беттан 11-чу дийне кхаччалц, лаьцна йита гIалгIайн жигархо Саутиева Зарифа, хаам бина "Кавказ.Реалиига" цуьнан адвокато Дзугаев Билана. Цо дийцарехь, цу хьокъехь лакхарчу инстанце латкъам бан дагахь ю Саутиван суьдехь гӀо лоцу агӀо.

Адвокаташа дехар динера, закъалтана 500 эзар сом а эций, Саутиева араялийтахьара я цIахь лаьцна латто сацам бахьара аьлла. Амма къелахоша тидаме ца ийцира жигархочуьнан суьдехь гӀо лоцучу агӀоно дуьйцург.

Хууш ма хиллара, Саутиева лаьцнера Къилбаседа ХIирийчоьнан территори тIехь Мангалан-беттан 12-хь, ткъа чуйоьллинера Нальчикерчу талламан изоляторна. Цунна бехке дуьллуш ду Iедалан векалшна ницкъ бар.

Кхушара Зазадоккху-беттан 26-чу дийнахь Магасехь митинг хилира, Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дозанах лаьцна барт барна дуьхьал. Цуьнан декъашхоша иштта балхар дIавала декхарелахь вора республикан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек. ШолгIачу дийнахь и акци дIайирзира митинге баьхкина нах Росгвардин эскархойх латарца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG