ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДаIишхойн бIарлагIаш хьийза Раккехь


Ракка, Марсхьокху-бутт, 2019ш
Ракка, Марсхьокху-бутт, 2019ш

"Халифатан" хиллачу шахьарахь буьсуш бу къайлах лела радикалаш, алсамдевлла цигахь тIелатарш а.

Раккан йистехь Евфратан бердашкахула охьадогIучу хино гойту цхьа тамашен дIаийна сийналла, тропикан хIорд гIалин хинан хоршех чекхбуьйлуш санна. "Исламан пачхалкх" олучу тобанна дуьхьал цигахь тIемаш боьлхуш дохийна, цул тIаьхьа ши шо даьлча юхадендинчу тIайна гергахь хи чу керчаш бу божарий а, кегийн кIентий а.

"Халифат" кхайкхийна шахьар яра иза. Кхаа шарахь Шеман а, Иракъан а кIошташна тIехь урхалла дира цара, шайн исламан шога кепаш бахархошна тIе а эгош, доллу дуьненчуьра нах шайн гонашка а ийзош. Экстремисташа дуккха а шерашкахь шайн куьйгакIел латтийна, къизачу тIамо ницкъбина Ракка меттаян гIерта, амма бахархойн кхерам лахлуш бац, мелхо а де дийне кхуьуш бу иза.

ХIун дер-те, нагахь санна къайлабевлла даIишхой юхабагIахь? Там бара, церан тийна лаьтта тобанаш юхаденъяла? "Исламан пачхьалкхан" тобанхойн мостагIийн Iедална муьтIахь маьрша бехачарна бекхам бан гIертар буй-те экстремистийн агIончаш?

Ракка, Марсхьокху-бутт, 2019ш
Ракка, Марсхьокху-бутт, 2019ш

"Тхо Iадийна ду, - боху пхеа беран 33 шо долчу дас IабдуллахIа. ХIинца лийча а лийчина, хи чуьра хьалаваьлла ву иза. – Нагахь санна даIишхой юхабагIахь, тхо дерриш а хIаллакдийр ду цара".

Кхузара дIа масех квартал дехьа, ондачу цементан пенаш тIехьарчу гIишло чохь болчу хьаькамаша билгалдоккху, гIалахь тIелетарш жигардовлар: хIокху цхьана баттахь диъ, пхиъ тIелатар дина.

Ишта-м дуккха а инциденташ юкъахдаха аьтто баьлла, дуьйцу Раккан парламентан спикеро Баркал Халида. Масех шарахь "Исламан пачхьалкхан" байракх бухахь баьхна цхьаболу нах экстремистийн тобанхойх дог лозуш бу. Бинчу психологин Iаткъамо лараш йитина, кхерам а битина.

"Ирс долуш хир ву-кх со, даIишхойн агIончашна Iаьржа байракх йицъеллачул тIаьхьа", - боху Раккерчу шен офис чохь хиъна Iачу Баркалас.

Террорр тIаьхьара ца долурш

Раккерчу бахархошна хала ду Iаьржа байракх йицъян.

"Ялсаманен майдана" аьлла, гоьяьлла Наим майда даIишхойн карахь йолчу заманчохь "Жоьжахатен майда" аьлла, цIеяхна яра. Шпионалла лелийна аьлла а, кхечу зуламашна а, бехкебинчу нехан даьхна коьртеш масех дийнахь, бусий гIали юккъерчу керташ тIе ухкий латтадора. Керташ хийцина цигахь, амма меттигерчу бахархоша дийцарехь, оцу зуламех дагалецамаш тIаьхьара ца бовлу царна.

ГIалех чекхдовлу тхо. ТIемалоша а, цхьацца хьукматашкахь балха болчара а, аз лахдой дуьйцу тхоьга, Раккехь даIишхойн дуккха а къайлах агIончаш бисина хиларх.

ЧIерий доттучу ресторанера 24 шо долу белхало воьхна хьоьвзира, хьалха гIоле дара, йа хIинца ситуаци бакъахьа хета хьуна аьлла, шега хаьттича.

"Сайн хIусаман а, сайн шина йоьIан а бен кхи бала бац сан", - аьлла, дIахьедира цо. Цул тIаьхьа ючух кхета аьлла, гIиллакх хIоттош.

Тхо дIадоьлхучу заманчохь, тхуна некъ гайта улло бевллачу салтийх цхьаммо боху, меттигерчу Iедалхоша лардалар хьехна, нах кхоьру даIишхойх лаьцна вониг ала.

"Адам кхоьру, - дуьйцу салтичо Фермо Хьусайна. "Исламан пачхьалкх" шех олу тоба юхаярна кхоьруш, бахархой ларло олучу дашах".

Керлачу тIайна уллохь луьйчуш волчу IабдуллахIа ша ца кхоьру боху. Нагахь даIишхой юхабагIахь а, шена тIаьхьабевр бу уьш боху цо, хIунда аьлча, 2017-чу шарахь шаьш Раккера арадовлале шен ваша ТIахIир вийра цара боху цо.

"Дуьххьара уьш чубаьхкинчу заманчохь, шаьш бусулбанаш ду бохуш, дIахьедора цара, тхо тийшира царех, - дуьйцу IабдуллахIа. – Цул тIаьхьа къола дина цо аьлла, цхьа стаг лаца а лаьцна, Наим олучу майдана а ваьккхина, цуьнан куьг даьккхира цара".

Кхечу пачхьалкхашкара тутмакхаш

Доллу дуьненчуьра иттаннашкахь эзарнаш нах тIеозабелира Шема "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойх дIакхета Iалашонца. Тахана оцу тобанахь лаьттина эзар стаг ву Шеман къилба-малхбалерчу набахтешкахь лаьцна латтош. Меттигерчу Iедалша масийттазза кхайкхамбира кеп-кепарчу пачхьалкхашка, шайн тутмакхаш дIабига, йа уьш латто ахчанца гIо де шайна аьлла.

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президенто Трамп Дональда кхерамаш тийсира, ша лецнарш Европан пачхьалкхашка дIасахоьцур бу, нагахь санна, шайн бахархой цара тIе ца лацахь аьлла.

Шеман демократин ницкъаша дехар дира дуьненаюкъара кхел вовшахтоьхна, цаьрга кхелан сацам байтахьара Шеман къилба-малбалерчу набахтешкахь лецна латточарна аьлла.

"Суна ца хаьа кхунах хIун хир ду, амма бакъ ду, сайн бакъо хилча, ас уьш берриш а бойур бара", - элира IабдуллахIа.

ХIаллакбина меттигера бахархой

Хина пхи киламетар дехьа ю Раккан футболан стадион. ДаIишхоша урхалла дечу заманчохь и меттиг гIалин коьрта набахте санна евзаш яра. Дукха къизаллаш лелийна цигахь. Стадионан неIарехь иккхина мемориал ю, йезидхойн зударша лайначу гIелонна лерина хIоттийна.

Раккерчу Наим майданахь
Раккерчу Наим майданахь

Шайн хIусамашкара лечкъош дIабуьгура эзарнашкахь зударий а, бераш а. ДаIишхойн карарчу территореш тIехь хьийзош хиллера уьш. Йезидийн божарий бойура.

Тхоьца волчу некъ гойтучо стадион йовзийтира тхуна. Цо дийцарехь, Iедал тоян гIерта и стадион, кхузахь футболан матчаш дIаяхьа, кегийрхойн самукъанна. Цкъачунна коьллаша юкъийна ю цуьнан майдана, гIенташ герзаш чекхдийлина Iуьргаш даьхна ду.

Раккехь даIишхоша набахте йина стадион
Раккехь даIишхоша набахте йина стадион

"Наьахте хилла ца Iара хIара меттиг, - дагалоьцу цо. – БIеннашкахь кху стадионан майданахь нах гулбора цара. Дуьненаюкъарчу коалицига бомбанаш ца еттийтархьама, дийначу адамех шайна дуьхьалонаш йора цара".

Базарахь мах бечарна катоьхна йицъян лаьара даIишхошца яьккхина хан. И зама йиц а йина, шайн экономика денъян лаьа царна. Къоьллера довлархьама болх бан ницкъ бу шайн боху цара, амма лелочу тIелетаршна дуьхьало ян гIора ца тоьа.

"Тоькан серло схьало тхуна, тIаккха юхаметтахIуттур ду тхо, - бохуш, чIагIдо къорза коч йоьхначу стага. Дуьненаюкъарчу коалицин декъашхошна лууш делхьара, тоххарехь дерриг а кхузахь меттахIоттийна хир дара цара".

Материалан язйинарг "Голос Америки" Радион автор Хезер Мёрдок

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG