ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Завгаевн Iедалехь вице-премьер лаьттинчу Чагучиевн кIант верца доьзна дов хоттуш ду Москох гIалин кхелехь


Нохчийчохь вице-премьер хиллачу Чагучиев Мохьмадан кIант бизнесхо Чагучиев Махач верца доьзна дов хаттар доладелла Москох гIалин кхелехь. Цунах лаьцна яздо "Коммерсант" газето.

Нохчийчохь хьалхара тIом боьдуш федералан Iедалшна жигара тIехIоьттина волу Дагестанера вахархо Чагучиев Мохьмад вице-премьер хIоттийнера Завгаевн Iедалехь. Иза жоп луш вара энергетикан комплексах. Хасавюртахь тIом дIаберзо барт хилча, шен доьзал а эцна, дIавахара иза Дагестане.

Цуьнан кIантана Махачна герз диттира 2018-чу шеран Дечкен-баттахь вехачу цIенна хьалха. Зуламхочо ша караэцначу зезагийн курсана юкъалачкъийна хиллера цунна тоха еана тапча. Чагучиевн гергарчарна хетарехь, иза вейтинарг цуьнца махбар лелош хилла цуьнан накъост ву. Ша веле хьалха Чагучиевс барт бина хилла 12 миллион еврона Испанера гIирс эца.

Совдегар вер дIаяздина хиллера цигахь йолчу видеокамераша. Дукха хан ялале низамаш лардечу органийн белхахоша, Росгвардин лерринчу тобано гIо а деш, лецира и зулам дарна бехке хила мега аьлла шеко йолу маситта стаг.

Царна юкъахь вара Чагучиевна герз тоьхнарг хила мегаш волу балхахь а воцуш лела Кокая Михаил а. Иштта лаьцна ву и зулам дар вовшахтоьхна Сагдеров ИседуллахI. Иза бехке хиларх лаьцна тоьшаллаш дина лецначара.

Чагучиевн дас Мохьмада дийцарехь, цуьнан кIант вейтинарг ву Сагдеров лаьцначул тIаьхьа Оьрсийчуьра дIавахана бизнесхо Рамазанов Александр.

Болчу хаамца, кхеле озийначара маситтоза хийцина шаьш дина тоьшаллаш. Масала, киллер ву бохуш вуьйцучу Кокаяс чIагIдора, Сагдеровс шега Чагучиев вен ца аьллера, ткъа ша лаьттах я когех тапча а тоьхна, иза кхеро дагахь вара бохуш.

Хьажа комменташка

XS
SM
MD
LG