ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Владикавказерчу изоляторехь шена ницкъ барх дийцина Карпюка


Гезгмашин-беттан 7-хь Оьрсийчоьно 35 стагах хийца маьршаваьккхинчу Украинин 35 тутмакхана юкъахь вара Карпюк Николай
Гезгмашин-беттан 7-хь Оьрсийчоьно 35 стагах хийца маьршаваьккхинчу Украинин 35 тутмакхана юкъахь вара Карпюк Николай

Оьрсийчуьрчу набахтера маьршаваьккхинчу Карпюк Николайс дийцарехь, цунна тIехь Iазап латтийна Оьрсийчохь чувоьллина латтош. Цунах лаьцна Карпюка дийцина Украинерчу ATR телеканалехь.

Цо чIагIдарехь, цуьнца цхьаьна лаьцна волчу Клых Станиславна а, цунна а вуно чIогIа ницкъ бина Владикавказерчу талламан изоляторехь.

Карпюк а, Клых а Нохчийчуьрчу кхело 22,5 а 20 а шераш хенаш тоьхна чувоьллира хьалхарчу тIамехь нохчийн тIемалошца цхьаьна тIом бина хилла аьлла.

И шиъ вара Гезгмашин-беттан 7-хь Оьрсийчоьно 35 стагах хийца маьршаваьккхинчу Украинин 35 тутмакхна юкъахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG