ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Грозный" эфирехь кегийрхошкара бехкбаьккхина Шелара маьждиг деш дайинчу ахчанах лаьцна комментареш ярна


ИсмаиловгIар Адам а, Мохьмад а, ЧГТРК "Грозный" эфиран скриншот
ИсмаиловгIар Адам а, Мохьмад а, ЧГТРК "Грозный" эфиран скриншот

Шела гIалан администрацехь гуш-хезаш бехк баьккхина шина шичера Исмаилов Адамера а, Мохьмадера а. ЧГТРК "Грозный" телеканалан эфирехь гайтинчу сюжетехь ма диццара, цара комментареш йитина хилла социалан машанашкахь Шелахь маьждиг деш дайина ахча схьадалар хьокъехь.

"Маса сом делла ахь цига? Пайхамаран цIарх долчу маьждигана хIума олуш хьо велахь...эхь ца хета хьуна?", - бехк баьккхира шина шичера Шелан кIоштан къедас Хашуев Лоьмас, яздо "Кавказ.Реалиино".

Цу шиннаца иштта цхьаьнакхетта А.-Х. Кадыровн цIарахчу полицин полкан хьаькам Чалаев Замид.

"Цхьана дийнахь цхьа а стаг галваккхалуш вац... Дуьххьара телефонехь цера мел йолчу сайташна чувийла волало иза, юха дIа Iедалехь мел волчу стагана лен волало иза, юха дIаиккхичи Iедалехь мел волчу стеган сурташ а дохуш, уьш "хIоккха-вукханхьа" дIакхехьийта волало иза… юха рогIера уьш байа а волало-кх иза", - дIахьедар дира полицин хьаькамо.

Эфирехь вистхилла Исмаилов Адаман да. Ша юьхьIаьржа ву аьлла цо, цу шиммо лелийнарг бахьана долуш, юха иза ца хилийта хьожур ву ша аьлла.

Исмаилов Адама дийцина, и ойланаш шен кхоллаелира YouTubeхь роликашка хьежначул тIаьхьа, ша царах хIунда тийшира ца хаьа шена бохуш.

Марсхьокху-бутт чекхболуш схьадиллина Шелахь, Iедалан векалша чIагIдарехь, 30 эзар стаг чутарлон керла маьждиг. Иза дан кечлуш дIахьаькхира итаннаш цIенош, ткъа церан долахой шайн доьзалшца цхьаьна баха ховшийра гIалин йистехь йинчу хIусамашкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG