Гуьржийчоьнан махкахо Хангошвили Зелимхан верна тIехьа лаьтташ хила мега Оьрсийчоьнан Iедалш, хета Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташна. Цунах лаьцна яздо The Wall Street Journal зорбан гIирсо Вашингтонерчу шен цIе ца яьккхинчу хьастана тIе а тевжаш.
Цу хьастано дийцарехь, "цӀий Ӏанош ницкъ барна жоьпаллехь ю Оьрсийчоь". Цуьнца цхьаьна цо ца аьлла хьанна оьшуш дара Хангошвили вер, амма цо билгалдаьккхина стаг верна лаьцна волчунна "паспорт делларг Оьрсийчоьнан Iедалш бен хуьлийла дац" аьлла.
EADaily зорбан гIирсо яздарехь, немцойн зорбанан гIирсаша юьйцург ю "ФСБ-н деха куьйгех" а, Нохчийчоьнан куьйгалхочух Кадыров Рамзанах а лаьцна тема.
Хангошвили вийра Марсхьокху-беттан 23-хь делкъхенахь Берлинерчу Тиргартенштрассе урамехь. The Wall Street Journal-о дагадоуьйту Нохчийчохь шолгIа тIеман кампани йоьдуш иза нохчийн тIемалойн тобанан хьалханча хилла хилар.
Хангошвили верна лаьцна ву цхьа стаг. Иза ву 1970 шарахь вина "Соколов Вадим Андревич".Bellingcat тобано The Insider а, Der Spiegel а газеташца цхьаьна бинчу талламо гайтарехь, и стаг, тешна а, ваьлла дозанах чекх ФСБ-н гIоьнца.
«Соколовгара» паспорт ду цунна Германе кхачале нийсса итт де хьалха кечдина. Виза елла цунна сихонан кепехь Москварчу Францин векаллалло. Парижера Берлине веана иза, цигахь Марсхьокху-беттан 23-чохь вийна Хангошвили.
Зулам динарг хила тарлуш лаьцна латточун дегIа тIехь ду, набахтехь Iийначу, оьрсашлахь «низамехь волу къу» олучу тутмакхийн тхьамдас лелош хуьлу суьрташ.