ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Имам Шемилан кIантах лаьцна кино йоккхуш ю Псковехь


Имам Шемил
Имам Шемил

Нохчийчоьнан а, Дагестанан а имам хиллачу Шемилан воккхаха волчу кIантах Джамалуддинах лаьцна кино йоккхуш ю Псковехь. Цунах лаьцна яздо "Комсомольская правда" газето, Оьрсийчуьрчу продюссерна Джафаров Шемилна тIе а тевжаш.

Цо билгалдаккхарехь, фильмехь дуьйцуш ду Оьрсийчоьнан Империн паччахьан Николай I-н цӀийнаха а, цо тӀеоьзна а болчу нахана юкъахь хиллачу Джамалуддинан дахарх лаьцна.

Джафаровс дийцарехь, кинояккхархоша хьалхара дакъа даьккхина. ХIинца уьш жигара кечлуш бу Петарбухехь а, Дагестанехь а, Псковехь а кино яккха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG