ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Нохчий – цIера Къардахьара"


Шемарчу видеон сурт
Шемарчу видеон сурт

Кадыровхо хьовзийна Асадан салташа

БIегIийла доцчу хьолехь гойтуш ву Шемара Оьрсийчоьнан тIеман полицин эскархо. Цунна тIехь боьлу Асад Башаран салтий. Ткъа иза ца кхетта Iаьрбаша шега бечу бегашах, вела а къежаш лаьтта. Амма цатайна шемахоша YouTube каналехула яржийна и видео Iаьрбийн мотт хууш болчу нохчашна. Iаьрбех дерг аьлча, уьш боьлу шаьш язъечу комментарешкахь.

"Вайн ваша Ислам Нохчийчуьра ву, дика накъост ву хIара. Хьо цIера Къардахьа юьртара ма ву, вуй?" – хоьтту шемахочо Оьрсийчуьрчу тIеман полисхочуьнга интернетехула яьржинчу видеохь.

Важа вогIа а велла, ладоьгIуш лаьтта - ца хуучух тера ду "Къардахьа" бохург хIун ду.

" Ладдакъийа, Хмеймим... Хьо цIера цигара ма ву, вуй? – тIе пIелг а Iуьттуш, иза кхето гIерта цхьа шемахо. – Тхо доллучуьра ма ву хьо а, вац?"

ТIаьххьара а шена девза дешнаш а хезий, корта таIабо нохчочо, бела къежа асадхой. Кхета муха ца кхета?! "Ладдакъийа" хаьа цунна хIун ду, иза оьрсийн Хмеймим авиабаза лаьтта провинци ю Шемин малхбалехь. Циггахь ю Къардахьа юрт а. Гарехь, нохчо Ислам ца девза "цIера цигара вуй" боху Iаьрбийн дешнаш.

Эрна ца хьехайо кхузахь Къардахьа. Иза Асад Башаран юрт ю, дай баьхна юрт, цигахь дIавоьллина ву цуьнан да Асад Хьафиз а. Къардахьа – иза шемахойн кхетамехь АсадгIеран децIа ду, шиIатойн-Iалавитийн юрт.

Шемахойн бегашах иштта кхетийла ду: Асад Башарехьа болчу Iалавиташна герга бу, вежарий бу нохчий.

Амма видеон комментаторшна-нохчашна чIогIа ца тайна и бегаш, халахетта.

"Со Нохчийчуьра ву. Ткъа иза, шу а санна, Делах ваьлларг ву. Вац иза нохчо, иза Оьрсийчоьнан воI ву" – яздина YouTube видеона бухахь ша Iаьрбийн маттахь йитинчу комментарехь оьрсийн маттахь "мостагI къайлавер вац" ник йолучо.

"Оцу Iалавито шен генетика таллахь, цунна ша Шема ехха заманахь кога кIел латтийначу францойн цхьана салтичух схьаваьлла вуйла хуур ду. Изза ду сан ала массо а Iалавитех", - боху Твиттерехь omar цIе а, суьрта тIехь борз а йолчу цхьамма.

Кхечунна хетарехь, Асадан эскархошна "шайна а ца хаьа шайн дай муьлш бу".

Ладдакъийа провинцера кеманийн Хмеймим база а, Къардахьа юрт а
Ладдакъийа провинцера кеманийн Хмеймим база а, Къардахьа юрт а

Ала деза, Шемин таханлерчу президентан да Асад Хьафизан каш долу меттиг ю Къардахьа. Оцу коше хIотта вогIу хIора меттигера хьаькам. Оцу маьIанехь, Нохчийчоьнан хьаькамашна Цоьнтарара Кадыров Ахьмадан каш санна деза ду Къардахьара каш Шемарчу куьйгалхошна. Цхьа гIиллакх ду шинахьа а – тIебаьхкина баккхий хьеший Асад Башара а, Кадыров Рамзана а буьгу шайн дайн кешнашна тIехIитта.

Шемара Асад Хьафизан а, Нохчийчуьра Кадыров Ахьмадан а кешнаш
Шемара Асад Хьафизан а, Нохчийчуьра Кадыров Ахьмадан а кешнаш

"Путинан агIончаш, бакъ ду-кх шуна иза, суждане оьху Асадан коша тIехь", - боху Фейсбукехь Абу-Мухьаммад цIе йолчу интернетхочо, Оьрсийчоьнан эскархошний, Iалавиташний юкъара зIенаш юьйцуш.

Къардахьа хьахорал совнаха, видеохь шемахоша доьху Исламе Iамеркан Штатийн президентах Трамп Доналдах а, ДАIИШ-ан лидерх ал-БагIдади Абу-Бакрах а хетарг алар. Оьрсийн, Iаьрбийн дешнаш а иэдеш, Трампна боьха дош олу цо, ткъа БагIдади ша шегара маса-топ йиттина вуьйр ву боху.

"ХIара ю сан топ. Дерриг а дика хир ду", - олу Ислама.

"Оцу тоьпаца, ал-БагIдади Абу-Бакрана кхузий? – хотту шемахочо, шен хьаьжтIе пIелг а хIоттош. "ХIаъ" – корта таIабо Оьрсийчуьрчу тIеман полисхочо.

Ислам, ша вуьззина кадыровхо хиларе терра, ца вуьсу "Ахмат – сила" ца олуш. Ткъа видео чекхйолуш, вовшашна беснех обанаш олу кадыровхочой, шемахоший.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG