ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Узбекистанера 8 стаг араваьккхина Нохчийчуьра


Гайтаман сурт. Соьлж-ГIаларчу аэропортехь
Гайтаман сурт. Соьлж-ГIаларчу аэропортехь

Миграцин низам кхочушдарца боьзна талламаш беш Узбекистанан 8 вахархо лаьцна Нохчийчоьнан ницкъаллин структурийн белхахоша. Уьш, бакъо а йоцуш, цхьацца белхаш беш хилла республикехь.

Къайлаха баьхкинчу мигрантех хIоранна а 2000 сом барамехь гIуда тоьхна кхело. Суьдан пурстоьпаша уьш арабаьхна Нохчийчуьра, хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло.

Болчу хаамца, хIара 2019-гаI шо доладелчхьана нохчийн пурстоьпаша республикера араваьккхина мигрантий низам дохош веана кхечу пачхьалкхашкара лаххара а 30 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG