ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Идлибехь Оьрсийчоьнан планаш эшна йогIу. Эшамаш бу церан эпсаршлахь а


please wait

No media source currently available

0:00 0:03:32 0:00
Линкана тIе

Bloomberg: Шемахь гIаш эскаршца операци кечъеш ю Оьрсийчоь

Оппозицин ницкъашкара Идлиб схьайоккхуш, гергарчу кIиранашкахь Шемахь шуьйра операци йоло дагахь бу, Оьрсийчоьнан эскарийн гIоьнца.

Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран "поваран" Пригожин Евгенийн куьйгакIел болу бIеннашкахь тIемалой карарчу заманчохь тIелата кечлуш бу. Танкашца цхьана, 50 стаг цхьана тобанехь а волуш, оьрсийн авиацин гIоьнца буьйлабала Iалашо ю церан.

Bloomberg агенталло кхааридийнахь Iорабаьккхина и хаам, шайн къайлахчу хьостанашна тIе а тевжина.

План ишта ю. Шеман салтишца оьрсийн эскархой декхаре бу, уггар хьалха, маьрша бахархой чуьра арабаха некъ бала, цул тIаьхьа Идлибехь экстремистийн "Аль-Каида" организацица боьзначу гIаттамхошца кхачо йоллуш толам баккхалц тIемаш бан.

Bloomberg хьостано тIеман "Вагнер" компани хьахош яцахь а, хаамийн гIирсаша Пригожинна тIеязйинарг и ю.

Оцу юкъанна, шайн лаамца, контрактна куьйгаш яздина, Шемарчу конфликтехь дакъалаца бахнарш Дейр-эз-Зор олучу провинцехь стохка Чиллан-баттахь хIаллакбича, Кремло тIе ца дуьтура, шайн "Вагнерца" уьйраш хилар.

Йохийна оьрсийн дронаш а, байина "эпсарш а"

Шемарчу оппозицин хьосташа бечу хаамаш тIехь а билгалдоккху, Идлибехь тIаьххьарчу хенахь Оьрсийчоь жигара хьийзаш хилар. Масала, Марсхьокху-беттан тIаьххьарчу деношкахь дийца даьккхира, "оьрсийн иччархойн кеманаш" гулдаларх.

ХIинцале а хууш ду, Идлибан къилбехьа хIаллакдинчу Оьрсийчоьнан мел лахара а, кхаа дронах. Марсхьокху-беттан 3I-чохь Джейш олучу эвлахь чудаийтира цхьаъ, карарчу беттан 4-чу дийнахь Сахъянехь дохийра кхи цхьаъ, ткъа 9-чохь дийца даьккхира, Таманехь дрон хIаллакдина бохуш.

Цул совнах, кху беттан 4-чохь Идлибан зорбанаша хааме даьккхира байинчу а, лазийначу а оьрсийн спецназхойх. Аджаз эвлахула оппозицино доладечу территори тIе бовла гIертачу юкъанна "Фатх Мубин" олучу тобанхоша йинчу кIелоне нисбеллера уьш. ТIаьхьо къаьстира, Шеман эскархой а цхьана, вийнарг исс стаг хиллийла.

Оццу дийнахь Джуринан кIоштахь минаш тIехь лилхира Оьрсийчоьнан эпсарш. Кхоъ веллера, шинна дера чевнаш йинера, хаамбира "Ведомости" гIирсо, тIеман, дипломатин хьосташкара шайга кхачийначу информацица.

Ишта, карарчу беттан 6-чохь "Джабхат Нусра" цIарца леллачу организацин ("Аль-Каидан" га ду иза) тIемалоша дийцира, кхечу оьрсийн спецназхойн тобанера байинчех а, лазийначех а. Шеман салтишца къилба малхбалерчу Хальбан олучу эвларчу оппозицина тIекхача гIерташ хиллера уьш.

"Уьш цигахь бац"

Охан-баттахь дуьйна дIахьош ю Идлибехь, яхъелла тIеман операци. Провинцин коьрта дакъа оппозицин тобанаша шайн карахь латтош ду хIинца а.

Официалан версица, Оьрсийчоьнан авиацино гIо а латтош, Шеман президентан Асад Башаран эскаро дIахьош ю и операци. Москвано дIахьедарца, Оьрсийчоьно гIо латтадо Асадна тIеман авиацица а, инфрастурктурашца а, тIеман полицица а.

2015-чу шарахь официалехь Шемарчу конфликтна юкъагIоьртинчу Оьрсийчоьнан тIеман министралло масийттазза билгалдаьккхира, гIаш эскаршца операци шаьш дIахьур ю бохучух дуьйцийла а яц аьлла.

Нагахь лаьттахула операци йолош яцахь, хIун деш хилла оьрсийн спецназхой тIемаш лаьттачу Аджазехь а, Джуринехь а, Хальбанехь а? Буьйлабелла лелачу заманчохь кIелоне нисбелла уьш?

Оьрсийчоьнан тIеман министралло эпсарш Шемахь байар бакъ ца дахь а, беллачийн гергарчара а, бевза-безачара а журналисташка церан цIераш дIайийцина: лакхара лейтенант Никонов Кирилл а, капитан Сысков Дмитрий а, майор Мицык Роман а.

РБК агенталлан информацица, Оьрсийчоьнан лерина операцеш дIахьочу Ницкъашлахь гIуллакх деш хилла уьш.

Билгалдаккха догIу, оьрсийн тIеман министралло байначу беттан 31-чу дийнахь маслаIат дIакхайкхийначул тIаьхьа гучудуьйлуш ду дронаш хIаллакъяр а, оьрсийн эскархойн тIелетарх а.

Шайн дахар дика хилийта, махкахь хIун хийца деза аьлла хета шуна?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG