ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровга гIо дехначу зударшкара гуш-хезаш бехкбаьккхина Iедалхоша


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане хIусамаш ехначу зударшкара гуш-хезаш бехкбаьккхина меттигерчу Iедалхоша. Цунах лаьцна видеосюжет гайтина ЧГТРК "Грозный" телеканалан эфирехь.

Репортажехь дийцарехь, Асет а, Зарема а, Яхмат а цIерш йолу зударий 20 шо хьалха баха хевшина хилла Хасавюьртахь, ткъа церан доьзалш гIоза-декъал бехаш хилла Нохчийчохь. ХIетте а, дийцарехь, Кадыровга шайна хIусамаш йоьхуш хилла уьш.

Республикерчу Iедалан кьйгалхочун когаметто Тумхаджиев Iийсас дийцарехь, цу кхаа зудчун юххера гергара нах бу, амма шаьш уьш, хIунда делахь а, Хасавюьртахь Iаш а бу, цигара кехаташ кхоьхьуьйтуш а бу, баха меттиг яц шайн бохуш.

Цо бехкбаьккхира цхьаьнакхетаре балийначу цу зударийн гергарчаргара, зударийн дола ца дарна.

Сюжетехь дуьйцуш ду гергарчу наха Iедалхошна дош делла хиларх лаьцна, шаьш цу зударшка сагIа доьхуьйтур а дац, уьш цIаберзор а бу аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG