ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Алхановс совгIаташ делла Соьлж-ГIалахь 18 шо долу жима стаг вийначу полисхошна


Алаудинов Апти (аьрру агIорхьара), Кадыров Рамзан (юккъера), Алханов Руслан

"За отличие в борьбе против терроризма" цIе йолу къастамаллин билгало елла чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийчуьрчу урхаллан куьйгалхочо Алханов Руслана кху беттан 9-хь Соьлж-ГIалахь жима стаг вийначу некъан инспекцин шина белхахочунна.

Цунах лаьцна дуьйцуш ду чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийчуьрчу урхаллан Instagram-чу агIонехь, хаам бо "Кавказ.Реалиино". Шина полисхочуьнан цIерш йохуш яц.

Маршо Радионо хаам бина ма хиллара, Соьлж-ГIалахь некъан полицин (ГИБДД) белхоша герз диттина вийна Теркийтера 18 шо долу Азиев Iусман. Меттигерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан зорбан сервисо бинчу хаамца, инцидент хилла Iуьйранна 9-чух ах долуш Ленинан кIоштарчу Петропавловски шоссехь.

Некъаца лаьттачу полисхоша кехаташ хатта сацийна хилла Ford машен. Цунна урхалла дечу стага герз тоьхна плисхой болчу агIор, ткъа иза вийна дуьхьал гез а тоьхна, яздора РИА Новости агенталло цу хиламах лаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG