ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемара цIаерзийна нохчийн кхо йоI - Саратова


ТIемаша дахар дохийна лелачу нехан Туркойчуьра четарийн гIала
ТIемаша дахар дохийна лелачу нехан Туркойчуьра четарийн гIала

Нохчийчу цIаялийна нанас къайлаха Шема дIайигина хилла кхо йоI. Цунах лаьцна хаам бина Нохчийчуьрчу куьйгалхочо Iуналла дечу бакъонашларъярхойн Кхеташонан декъашхочо Саратова Хедас.

"Вайн кхо махкахо цIаерзийна. Зудчо къайлаха Шема бигина хилла уьш, цигахь халифат хIотто. Дерриг а бераш, йоккхах йолу йоI йоцург, карийна даймахка цIадалийна", - яздина цо шен Instagram-чу агIонехь.

Саратовас чIагIдарехь, Гергарчу Малхбалехь дахар доьхна нах бехачу четаршкахь хан тоькхуш ву 3500 гергга Оьрсийчоьнан махкахо. Царна юкъахь 160 бобер ду, да-нана доцуш дисина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG