ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мила виссина хийцанза...


Гратов Валерий (хьалха лаьттарг)
Гратов Валерий (хьалха лаьттарг)

Оьрсийчоьно а, Украинано а хуьйцучу тутмакхийн тептарехь цахиллачех.

Оьрсийчоьно а, Украинано а тутмакхаш дIасахийцинчул тIаьхьа шина а пачхьалкхан набахтешкахь дуккха а биссина, царех лаьцна кIезиг далхадо тIаьххьарчу заманчохь.

"Настоящее время" телеканало дуьйцу хийцанза биссинчех а, церан кхолламех а.

Оьрсийчохь а, цул арахьа а латто Украинан бахархой

Сенцов Олегца а, Кольченко Александрца а цхьана гIуллакхна тIехула лаьцна вара Чирний Алексей.

Чирний Алексей
Чирний Алексей

Террор лелийна аьлла, 7 шо хан кхайкхийра цунна. ГIирмехь "Единая Россия" партин а, "Русская община Крыма" организацин а офисаш ягийна, масех эккхийтар а кечдина хилла цо аьлла, бехкала воьллина иза. Ша бехкехиларх мукIарло а дина, Оьрсийчуьрчу набахтехь хан йоккхуш ву иза.

Оьрсийн колонехь ву Украинера вахархо Выговский Валентин а. Шпионажалла лелийна аьлла, кхело бехк тIе а чIагIбина, 11 шо хан кхачийна цунна.

Оццу бехкаца лаьцна, чохь латтош ву Шур Виктор а. Талламчийн версица, Оьрсийчоьнан тIеман министраллан объектех хаамаш гулбеш хилла ву иза. 12 шо хан тоьхна цунна.

ХIинца а набахтехь бу украинхойн танкхой: Пантюшенко Богдан (2015-чу шарахь караваханера иза), Глондарь Сергей а, Кореньков Александр а. Хийца кечбинчийн тептаре язбора уьш масийттазза, амма хIоразза а чекх ца бовлуьйтура. Донецкана гергарчу Макеевкерчу набахтехь латтош бу и тIемалой.

Пантюшенко Богдан
Пантюшенко Богдан

Донецкехь а, Луганскехь а, аннекси йинчу ГIирмехь а йолчу оьрсийн набахтешкахь билггал маса Украинан вахархо ву хууш дац. Лакхарчу Радано бакъонаш ларъян векал йинчу Денисова Людмилас бахарехь, 110 сов стаг ву уьш верриг а.

Ткъа шина пачхьалкхехь латтийна тутмакхаш дIасахецарехь доккха доккха дакъа лаьцначу Украинан президентан гIоьнчас Ермак Андрейс дIахьедо, масийтта бIе ву лаьцна вуьсуш бохуш.

Украинехь латтош болу Оьрсийчоьнан бахархой

Оцу юкъанна Украинерчу набахтешкахь а бу хуьйцучу тутмакхашлахь ца нисбелла оьрсийн бахархой.

Ву царлахь, Украинан къайлахчу сервисаша "оьрсийн полковник" аьлла, цIе яхийтина Гратов Валерий а. Украинан малхбалехь Оьрсийчоьнан агIонца тIемаш бина ву иза. Цо лечкъош а ца хилла иза-м.

Колонехь виссина Гаджиев Руслан а. Набахтехь даккха 15 шо хан тоьхна цунна, Донбассехь украинхошна дуьхьал тIемаш барна. Танк лелош, механик лаьттина ву иза, Дебальцевехь хиллачу тIемашкахь дакъа а лоцуш.

Гаджиев Руслан
Гаджиев Руслан

Тептарехь ца нисвелла Доронин Олег а. Украинехь 12, 5 шо хан кхайкхийна цунна террорхойн тоба вовшахтоьхна, бакъо йоцуш герз лелорна.

"Медийная инициатива за права человека" цIе йолчу бакъонашларъяран орнагизацин координаторан Решетилова Ольгин информацица, Украинерчу набахтешкахь итт сов Оьрсийчуьра вахархо ву хIинца а. Царех лаьцна Iорабаьхна хаамаш а кIезиг бу.

"Суна хетарехь рогIера этап кхин а чолхе хир ю, хIунда аьлча цигахь дукхахболу бахархой – ГIирмера гIезалой бу. Уьш лоьцуш бу тахана а, царна ГIирме репрессеш йина.

Аннекси йинчу ГIирмех хьакхалуш дерг Кремлах гIоьртина ду. Цара тIе ца дуьту, уьш Украинан бахархой хилар а, ГIирмана аннекси яр низамашкахь цахилар а", - аьлла Решетилова Ольгас.

Материал кечйинарг "Настоящее время" телеканал

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG