ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

РогIера "жинашца тайна" зуда лаьцна Нохчийчохь


Нохчийчоьнан низамаш лардон органаша а, муфтиятан белхахоша а лаьцна, вуно говза холмачхо ю аьлла, цIеяхана Мазлакера Теркайисте еана Ибрагимова Секинат. И зуда дагахь хилла Ӏаламехь боцу ницкъаш караберзоран чулацам болу хӀуманаш лелор хьокъехь Нохчийчуьрчу иттаннийн бахархойн дехарш кхочуш дан. Цунах лаьцна видеосюжет гайтина ЧГТРК "Грозный" телеканалехула.

Дийцарехь, нохчаша тайпа-тайпана хIуманаш доьхуш хилла "жинашца тайначу" зудчуьнга. Царна юкъахь ду езачу цамгаршна дарба дарна тIера еза машен эца аьтто барна тIекхаччалц дехарш.

Холмачхочуьнца цхьаьна лаьцна цу зудчуьнан клиентех йолу Зулай цIе йолу зуда. Ӏаламехь боцучу ницкъашкахула сатесна хилла иза шен хилла нус доьзале цIаерзо.

Полисхоша Ибрагимовера дIадаьхна иттаннаш цуьнан клиентийн сурташ а, холмачаллана лелош долу догIанаш а, керлачу кешнашна тIера эцна лаьтта а, дийнатан мочхал а, хьаьжкIаш а, иштта дIа кхин а. ХIора сурта тIехьа яздина хилла цу тIехь волчун лаамах лаьцна.

Билгалдаккхарехь, 6 шо а хир ду Ибрагомова холмачалла лелош йолу. Механа еза а ца хилла иза. Масала, аьтто цахилар юхатохаран мах бу 50 туьма.

Нохчийчоьнан Iедалша дIахьедар дина, Ӏаламехь боцу ницкъаш караберзо гIертарца доьзна лелочуьнца къийсам латтор дIахьур ду шаьш аьлла.

Дагадоуьйту, НТВ телеканало дийцарехь, Iаьржачу холмачхочуьнгара бохам баланза висинера Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан.

Гуьмсан кIоштан администрацин хиллачу куьйгалхочо Невран кIоштахь ехачу, "жинашца тайна" ю бохуш, юьйцучу Ольга цIе йолчу зудчунна 30 туьма делла хиллера, нохчийн лидер шена тIеверзо, цо ша культуран министр я дешаран министран дарже хIотторе сатесна.

Цул тIахьа Iедалхо дарба леладайта дIахьажийра Нохчийчоьнан муфтиято кхоьллинчу Соьлж-ГIаларчу Исламан медицинан центре.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG