ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинин полице герз дIаделла Донбассера батальонаша


Шайх Мансуран батальонан куьйгалхо ЧIеберлойн Муслим
Шайх Мансуран батальонан куьйгалхо ЧIеберлойн Муслим

Оьросийчоь тIехIоьттинчу сеператисташца Донбассехь тIом бан кхоллаеллачу 3 батальонан тIемалоша шайгахь дисина герз дIаделла полицин белхахошка. Цунах лаьцна хаам бина Украинин къоман полицино.

Герз дIаделла Шайх Мансуран цIарахчу нохчийн батальоно а, Украинин националистийн вовшахтохараллан батальоно а, Украинин шен лаамехь кхоллаеллачу армин батальоно а.

Къоман полицин куьйгалхочун когаметто Аброськин Вячеслава баркалла аьлла цу батальонийн тIемалошана, Украинин халкъана тешаме гIуллакх дарна. Цо билгалдаьккхина цу герзах пайда оьцур хилар Оьрсийчоьно дIахьош йолу тIеман агресси юхатоха, яздо "Украинская правда" газето.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG