ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестане вахана Путин


Путин Владимир Дагестанехь
Путин Владимир Дагестанехь

Дагестане кхаьчна Путин Владимир. Оьрсийчоьнан президентан кема охьахиина ХIинжа-ГIаларчу аэропортехь. Цигара пачхьалкхан куьйгалхо Ботлихе вахана.

Путина зезагийн кочар диллина салташна хьажийначу меттигерчу хIолламна хьалха, иза цхьаьнакхетта 1999-чу шарахь гурахь цу республикехь хиллачу тIемашкахь дакъалаьцначу меттигерчу бахархошца.

Цул сов Путина къаьрка мелла, 1999-чу шарахь ша мер ду аьлла долу.

ХIинжа-ГIала юхавирзича президент Путин Владимир цхьаьнакхийтира UFC чемпионца Нурмагомедов Хьабибаца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG