ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эльдерханова Зайнап. Хьалхара я тIаьххьара май... 


please wait

No media source currently available

0:00 0:02:40 0:00
Линкана тIе

Эльдерханова Зайнап


Хьалхара я тIаьххьара май...

ХIутосург беттан 1-ра де Къинхьегаман де... Къинхьегаман болчохь беркат, барт хуьлу, ткъа и ши бахам болчохь даима а карор ду ийман а, ирс а... Къинхьегам дIабаларца дIадайна дукха доьзалашкара беркат... Дуьйш-лелош хас дац дукхачийн, кертахь котам, бежан ца хаало... ХIораннан кертахь хилла беркат дIадахна кех ара даьлла... Тахана "домашни котам", "домашни хIоаш", "домашни тIо-кIалд" бохуш ялсаманера кхача буьйцуш санна цецдуьйлу вай, хьалха хIора а нохчийчун кертахь хиллачу беркатах... Доьзалаш ийманехь бац, дас-нанас аьллачун тIехь бац... Яккхий харжаш йо цара, амма доьзал муьтIахь ца хуьлу.. Бахьана? Къинхьегам дIабалар, хьарама мокъалла совъялар... Вай мел хаза хьехамаш, дехарш дарх а доьзал, Дала ма- бохху ийманехь кхиалур бац вайга...ирча, хала цамгарш яьржина вайна. Кхача унах цIена ца хилар а, дуьненан сингаттамаш совбовлар а, хIаваь (климат) машенаша бехдар а ду бахьана...

Адам леш ду, кегийнах леш кьаьсттина новкъа а ду.. Гриппа эпидеми санна яьржина ю онкологии... ХьастагIа помидор эцнера ас, урсаца хадалуш яцара,, жIанк санна ондда яра иза... Онкология ца хилла хIун хир дара вайна?... Лаьттахь кхиош бац хасстоьмаш... Стоьмаш...

Вайн дайша, цкъа а буйна къолам а эцна боцчу, олуш хиллера "Шен боцчу мехкан стоьмо вузор вац"... Чипсех, бургерех, фреш маларх тера ду вайн берийн гIиллакхаш, кхетамаш, хьежамаш... Къа ду церан..

Ткъа вайна тIехь царах Дала доьхур долу жоп а ду... 5-6 метр хас де меттиг йоцуш вац вайх цхьа а, 10-15 котам кхаба ницкь тоьар боцуш а вац вайх цхьа а, 6-7 синтар доьгIна а беш кхиалур йоцуш а вацара вайх цхьа а... Бисмилца, АлхьамдулиллахI аларца юхадерзадай вай вешан керташкахь хьалха вайн баккхийнаш болуш хилла ирс?...

Ма дебабай вай вешан мостагI ийн бахамаш? Дага ца йогIу шуна нохчийн токхе, оьзда керташ?... Ков дIадиллича уггар хьалха гуш дерг кемсийн рагIу хуьлура, цунна бухахь хIоттийна стол, шун.. Лулахошна юкъахь даима а ринжа хуьлура къовлуш а доцуш..яй хьалха схьабаьллачо мохь тухий шуьне схьакхойкхура лулахо.

Ирсе дуй шу тахана? Суна-м теза хета кху заманан ирсан чам... Цхьана кертахь Iашшехь вовшашка телефонаш етташ Iаш ду вай тахана ...

Эльдарханова Зайнап

Эльдарханова Зайнап - нохчийн яздархо а, журналист а ю.

Авторш

XS
SM
MD
LG