ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путин: "Кавказера кIентий тIеман дешаран меттигашка дIа ма эца аьлла цхьа а омра делла дац"


Путин Владимир Дагестанехь
Путин Владимир Дагестанехь

Кавказера схьабевлла кегийрхой тIеман дешаран меттигашка (училище) дIаэцар доьхкуш цхьана а кепара къайлаха омра дина дац. Цунах лаьцна де хьалха дIахьедар дина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира, БотIлихехь Дагестанерчу "ополченцашца" шен хиллачу цхьаьнакхетарехь, хаам бо РИА Новости агенталло. Агенталло бигладаккхарехь, буьйцурш бу Дагестанера а, Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а кегийра нах.

"Мелхо а, вайна оьшуш бу Кавказера кIентий армехь, тIеман ницкъашкахь", - билгалдаьккхира мехкан куьйгалхочо. Ша омра а делла, цхьацца Iалашонаш кхочушъян Шема дахийтира леррина Къилбаседа Кавказера тIеман полицин дакъош, тIетуьйхира эскаран коьртачу бюйранчо.

"Цара кхин ца хилла дика кхочуш деш ду шайна хьалха хIиттийна декхарш. Меттигера бахархой царах теша, цара дехарш до цхьацца меттигаш а, динна а ярташ а ларъяхьара бохуш", - элира Путина, хаам бо РИА Новости агенталло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG