ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Цхьана а лоьро къинтIера ца яьккхина со"


Кхарачойн-Чергазичуьра яхархо Тохтаулова Муслимат
Кхарачойн-Чергазичуьра яхархо Тохтаулова Муслимат

Муха хан йоккхуш ю лоьрийн гIалат бахьана долуш меже дIаяьккхина Тохтаулова Муслимат

Кхарачойн-Чергазичуьрчу яхархочунна Тохтаулова Муслиматна некхаца 4-чу стадехь рак ю аьлла, диагноз хIоттийра 2008-чу шарахь.

Онкодиспансерерчу лоьраша накха а, беран цIа а, стиэцIарнаш а дIаехира цуьнан. Ткъа цул тIаьхьа бинчу гистологин талламаша къастийра, цIе ца йоккху цамгар цуьнца ца хиллийла. 48 шо долчу жимчу зудчух инвалид хилира.

Полицига дIахьедира Муслимата лоьрийн гIалатех. Оьрсийчуьрчу коьртачу пхеа хьукматашкахь дIаяьхьначу экспертизийн бух тIехь талламчаша сацамбира: и зуда этIон оьшуш дацара аьлла.

Бюрократи а, хIинца полисхойн гIалаташ бахьана долуш а Муслиматан гIуллакх дIадахделла 11 шаре. "Кавказ.Реалии" порталца хиллачу къамелехь Тохтауловас дийцина, цхьана мIаьргонехь шен могушалла эшарх а, шен дахарехь хиндолчух ша хадорах а.

Муслимат, дуьххьара стенна тIера доладелира иза?

– 2008-чу шеран Гезгамашин-баттахь дара иза, веччалго къовза а йина, Кхарачойн-Чергазичуьрчу республикан онкодиспансерехь сайн могушалла зийра аса. Некхаца цIе ца йоккху цамгар ю хьан 4-чу муьре яьлла аьлла, диагноз хIоттийра суна бIаьран талламаш бинчул тIаьхьа лоьро Салпагаров Эльдара. Цуьнан сацамна тIетайра онкодиспансеран декъан куьйгалхо Салпагаров Рамазан а. Цу шиммо цхьана операци йира суна накха дIабоккхуш.

Ахь дийцарехь, кхийолу анализаш дIа а ца елира ахь?

– Лоьраша пункци ца йира, гормонаш толлуш анализ а ца ийцира, онкомаркерш зуьйш а, иммуногистохимин а талламаш ца бира. Операци ечу заманчохь сиха эца езаш йолу биопси а янза йитира.

Кхеташ ду, шаьш хIоттийначу диагнозца цара хьан накха дIабаьккхина хилар. Ткъа стенна дIадаьккхира цара беран цIа а, ахкаргаш а?

– Накха дIабаьккхинчул тIаьхьа оцу сохьта йира суна беран цIа а, ахкаргаш а дIахедош операци. Хууш ма хиллара, некхаца рак хааелча, цхьа наггахь бен дIадоккхуш дац беран цIа а, стиэцIарнаш а. Нагахь санна, уьш дIахедон цара хьесап динехь а, дукха хьолахь, некхана операци йина ах шо даьллачул тIаьхьа бен хьаеш яц кхийолу меженаш. Ахкаргаш дIахедадо, нагахь санна кхераме дестар делахь некхаца. ЭтIийначул тIаьхьа йинчу гистологин жамIаша гайтина, рак цахилар а санна а, йа некхаца дестар а ца хиллийла. Ткъа лоьраша наркоз еллачуьра дерриг а хьаькхна, дIадаьккхина суна чуьра.

Нагахь анализаша хьоьца рак яц аьлла, тIечIагIдина хилча, стенна яйтина хьоьга лоьраша химин терапи?

– Со хууш яц. Шайгара даьлла гIалат хьулдан гIерташ хилла хила а тарло уьш. Цара хIоттийна диагноз йолу нах дукха ма ца беха. Шаре яла а там бу хьо ма аьллера соьга а. Ялхозза химин терапи яйтира соьга. ЗIенаран терапи я ма йира аса. Кхиберш цу бухахь 1-5 минотехь бен ца буьту. Ткъа со 25 минотехь юьтура хIоразза а. ЗIенаран терапи ечу заманчохь инсульт хиланза а ма елира со. Химин терапи ечара а ца хоттура соьга, оьшуш мел йолу анализаш дIаелли ахь олий. Суна дарба дечу лоьран тIедилларш кхочушдора цара.

ТIаккха тахана цхьа лор бен кхеле хIунда ца хIоттийна?

– Сан могушаллина дина зен декъна дара: накха дIабаккхар талламчаша, сан анализийн бух тIехь, могушаллина юккъерчу барамехь дина зен санна лору. Цундела со этIийна лоьраш бехкзуламан гIуллакхах кIелхьарбевлла. Ткъа беран цIа а, ахкаргаш а дIадахар – иза могушаллина доккха зулам дар ду. Суна операци йина хирург-гинеколог Болатчиева Фатима а ю бехкееш. Ставрополан кIоштан медицина-кхелан экспертиза ечу бюрохь (БСМЭ)а, Оьрсийчоьнан могушаллин министраллана чуйогIучу БСМЭ-хь а пхоьазза экспертиза йира сан гIуллакхан хьокъехь. Цара массара а тIечIагIдира: диагноз харц хилла, сан могушаллина доккха зен а дина аьлла.

11 шо гергга хан ю талламан а, кхелан а къастамаш дIахьон. ХIунда?

– Оцу хаттарна жоп талламчаша а, кхелахоша а дала деза. Почтехула схьатесна экспертиза шен хенна схьа ца оьцу талламчаша, йа прокурораша гIуллакх кхечу кхеле дIахьажадо. Черкесск гIалин кхелехь суьдхочо Кубов Азамата беа баттахь листира сан гIуллакх, ткъа иза хиллера барт карийначу агIонашна сацам къасточу кхелан (мировой суд) кепехь хатта дезаш.

Экспертийн сацам
Экспертийн сацам

Цигарчу кхелахочо Семенов Хусеина сан гIуллакх кегон ши шо сов зама ю. Шен сацам бовзуьйтучу юкъанна гIалат карийнера цунна, тIаккха шен кабинет чу иза нисдан вахара иза. Ткъа иза низам дохор ду. Цундела апелляцин инстанцехь адвокато сацам юхабаккхийтира кхеле.

Хинца кеста суьдхочо Антонюк Ленас цхьа сацам бийр бу-кх оцу гIуллакхан. Кубов а, Семенов а бехкевеш арз а дина ас кхеле. Суна цара динчу зенах мах охьабиллийта аьлла. Ишта латкъамбина ас онкодиспансерерчу лоьрашна а.

Кху 11 шарахь муха еха хьо?

– 48 шо кхаьчча (операцеш, химин а, зIенаран а терапиш лайначул тIаьхьа) цхьа курс цамгарш гучуевлира соьца. Хенал а хьалха климакс хилира, дарстар хьаьдира дегIе, дагца проблемаш юьйлаелира, гипертони хилла. Астма а, аллерги а ю соьца. Накха дIабаккхаран бахьанашца куьг болх беш дац сан. ШолгIачу группан инвалид ю-кх со.

Цхьана лоьро къинтIера яла аьлла дац соьга. Сан исторех лаьцна дуьйцуш ду федералан телеканалаша а, интернет-хьостанаша а. Шуьйрачу гонашкахь дийца даьккхина сан гIуллакх. Цундела дуккхаъчу нехан дог лозу сох. Церан дегнаша ницкъ ло суна къийсам латтон.

Интервью дIаяьхьнарг "Кавказ.Реалии" порталан корреспондент Загидова Марьям

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG