ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIебартойн-Балкхаройчохь къона хастамбархо ваьлла Кадыровна


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Мухьаммад цIе йолчу ГIебартойн-Балкхаройчуьрча жимачу дешархочо Кадыров Рамзанна хьажийна ша язйина байт, яздо "Комсомольская правда" газето. Къона лирико "джигит" а "маж йолу бусалба" а, "тхан онда турс" а олу Нохчийчоьнан куьйгалхочух.

Цул тIаьхьа диферамбаш (диферамб – ширачу Грецехь Дионис олу цIу хестош олу сийлахь илли) дIайирзинчул тIаьхьа Мухьаммада Везавоккхучуьнга ларвар доьху "ваша Рамзан вочу адамех, шалхончех, шатIанех".

Цунна дала хьакъ доллу совгIат санна доьху дешархочо нохчийн политикан "ялсаманен бешан лаккхарчу тIегIантIехь (Фирдаусехь) нохчийн политикана дашо гIала яр".

Интернетехь шина дийнахь видеоролике хьажна 11 эзар гергга стаг. Цхьаболчара забар йон комментарешкахь, и "кIант хIинца велла дIаваллалц токхо йолу дахар шена нисдина ваьлла" бохуш. Цхьаболчара дуьйцу жимачу кIантана хIун совгIат дан мега бохучух цу байтан турпалхочо: iPhone я Mercedes.

Error rendering VK.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG