Маршо Радио, "Idel.Реалии"
Еарийдийнахь Ижевскехь къаьсташ бара бахархой кху беттан 10-чу дийнахь ша-шех цIе а тесна, ваьгначу удмуртийн Iилманчица Разин Албертаца. Декъа, деса дара тезетахь хьакамийн къамелаш, ткъа иза вевзинчу жигархоша, шайн "синойн дакъош" дIадаьхьина Разина шеца, бохура.
Ижевскерчу Удмуртин пачхьалкхан театрехь гулбелира къоман "Удмурт кенеш" боламан декъашхой а, мехкан жигархой а. Мехкан дайх цигахь вара синбахамаллин министр Соловьев Владимир а, къоман политикан министр Буранова Лариса а, Ижевск гIалин думин спикер Гарин Олег а.
БIаьрхиш ца сацаделира тезетан бараме веъначу жигархочуьнга, Разин Албертаца хийла пикеташкахь лаьттинчу, иштта 10-чохь а цуьнца хиллачу Перевозчиков Андрейга.
— Акцехь со цунна уллехь вара, багах дош ца доккхуш, вуьззина турпал хилла дIавахара иза. Цо мел доккха лазар лайна ша вогуш, ас кхетадо, амма когаш тIера охьа ца лахлуш, верриг а вегира иза. Дицлойла дац иштаниг вайна. Вешан къомера хьал ма-дарра ган деза вайна, ойла ян еза вай цунах. Цуьнца дIадахана сан син цхьа дакъа", - элира Перевозчиковс.
"Адамаш хIаллакдеш йолу Камбаркера завод дIаяккха" боламан куьйгалхойх йолчу Ахмедшина Розас, "ма ала удмуртех жима къам", бохура шен къамелехь.
— Цо [Разина] яьккхинчу гIулчо дог-ойла хьайийр ю удмуртийн. Амма лаьара, хиллачо хьаькамийн дегнаш а меттахдохийла. Удмуртерчу ерриг школашкахь ца хьехахь а, удмурташ бехачу ярташкахь мукъане а хьоьхийла лаьара удмуртийн мотт – къомо дIатосийла дац шен коьрта хазна, шен мотт. ЧIагIъян еза Удмуртин пачхьалкхан университет, Юртабахаман академи – оцу шина доьшийло ло удмуртийн ярташкарчу берашна дахаре некъ. Разинна лууш дерг цхьаъ дара: удмурташна шаьш къам дуйла хаар, шайн букъ тIехьа сийлахь-беза къоман синбахам буьсуш буйла гайтар. Дац вай жима къам, ма ала тхох ишта, олура Iилманчас Разина. ХIора къоман мах бу беза, церан нехан терахьо къастош а бац и мах", - дийцира Ахмедшинас "Idel.Реалиига".
Жигархочунна хетарехь, цхьана Удмуртин проблема яц Разина шех цIейилларца айинарг.
— Оьрсийчоьнан Федерацин массо а субъектех хьакхало и проблема. Къаьмнийн меттанаш ца хиича а мегачу тIегIане баьхна. Цхьаммо а ца боху оьрсийн мотт дIа а таттий, цуьнан меттана удмуртийн, гIезалойн я марийн мотт Iамабе. Кхин ду вай бохург. Оьрсийчоьнан хIора а субъектехь куьйгаш тIехь лелон богIу меттигерчу къоман синбахам, кхион беза иза, дерриг а къоме дIасабала беза, ткъа дац иза деш.
Вистхилира тезетахь Удмуртин университетан векал а. Удмуртийн меттан хьокъехь дара цуьнан къамел.
— Сан тIетаIIош ала ду, Удмуртин пачхьалкхан университет ю, хир а ю удмуртийн мотт, литература, синбахам Iалашбеш, кхиош, ларбеш йолу центр. Разин Алберта оцу ниIматашна сагIадина шен дахар, - бохура университетан куьйгаллин векало.
Удмуртин Алнаши кIоштарчу, ша винчу, хьалкхиинчу ярташна тIехула баржабе шех бисина чим, дехна Разин Алберта шен весетехь. Ткъа весетан кехат крийна, Перевозчиков Андрейс бахарехь, Iилманчин хIусамехь.
Чувашерчу Къанойн кхеташоно а, "Башкорт" [башкираша шайх иштта олу шайн маттахь] юкъаралло а кадамбеш кехат хьажийна удмуртийн къоме. Разина яьккхинчу гIулчан бахьана политика ю, аьлла хета Хельсинкерчу университетан финнийн-угорийн меттанийн говзанчина, профессорна Сааркави Яннена. Коми къоман къаноша а, церан "Доръям асьнымöc" ("Ваьш дер вай Iалаш") юкъаралло а кхайкхина "оьрсех доцу къаьмнаш шайн хиндерг, шайн синбахамалла, меттанаш лардеш бечу балхаца цхьаьнакхетаре".
Ижевскехь кху беттан 10-чу дийнахь Удмуртин парламентна хьалха ша-шен вагийра Iилманчас Разин Алберта. Лоьрийн дан гIо доцуш, велира иза. Ша-шен вагавале, иза лаьттина Гамзатов Расулан байтан "Кхана сан мотт лийр белахь, кийча ву со тахана вала" могIанаш тIехь долу кехат кара а лаьцна.