ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КъорIан Iамош ю Dolce&Gabbana-н нохчийн седа


Москох Dolce & Gabbana хьиджабийн коллекци гойтуш
Москох Dolce & Gabbana хьиджабийн коллекци гойтуш

Нохчийчуьра къона модель а, духар кечдон говзанча а Бисултанова Илона евзира дерриг а дуьненна, "Dolce&Gabbana" (Долче а, Габбана а) ​ модан цIийнан хьиджабашна реклама йинчул тIаьхьа. Модан индустрехь тоьлла дизайнер лоручу Габбано Стефанос шен Instagram-хь леррина пост а язйина билгалъяьккхина нохчийн модел, яздо "КП" сайто.

Газето билгалдаккхарехь, жима йолуш дуьйна дас гIо дора шен йоIанна Сьолж-ГIалахь дизайнер цунах хуьлуш. 17 шо долуш цунах хилира Къилбаседа Кавказера уггар Iаткъаме модельер.

2018-чу шарахь Бисултанова къона декъашхо хилира "Russia. Modest fashion week" духарш гайтарехь. Тахана къона нохчо кхиош ю шен бренд бусулба духарш кхуллу "Masterskaya by Ilona Bisultanova". Гайтамашкахь цо дакъа лоцу бусалба духаран ша дизайнер хиларе терра, ша юкъадаьккхина духар гойтуш.

Москох Кутузовски проспектехь йоIа схьайиллина шен хьалхара бутик. Ткъа мукъачу хенахь Бисултанова Iамош ю КъорIан. СадоIучу хенахь сурташ а дохку цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG