Нохчийчуьрчу ТIехьа-МартантIера Ильясов Хьусайнах хилла "Оьрсийчоьнан дозалла" къовсаман толамхо, хаам бо "Регион online" сайто. Жима стаг шен белхан накъосташца Веданан кIошта садаIа вахана хилла Къоьзан-Iоман йисте. Хина кема хохкуш маьхьарца гIо доьхуш дIасауьдуш адамаш а гина, хьем а ца беш цу метте тIехакавелла иза. Цигахь хи чувоьжна хилла 8 а, 7 а шераш долу ши кIант.
Цу шиннах цхьаъ хи буха вахана хилла, ткъа важа хьала вала гIерташ тIамарш етташ хилла. Сихонца тIекхиинчу жимачу стага хьалаваькхкина и шиъ.
Берийн да-нана вуно доьхна хилла, цу шиннах шаьшшиъ даьлла-кх аьлла.
- Шинна леринчу катамаранна тIехиина виъ кIант, амма гал а бевла хичу эгна хилла уьш, - дийцина къона нохчочо хиллачух лаьцна.
«Регион online» зорбан гIирсо дийцарехь, хьалха Ильясовс кIелхьардаьккхина хилла хIорда чуьра зуда а, гIеметта хIоьттина стаг а.