ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Швецера араваккха мегаш ву Хангошвилин вешин ши кIант


Берлинехь вийначу Хангошвили Зелимхин гергара нах шайн махкара арабаха дагахь ю Швеци. Вуьйцург ву Зелимхин вешин Хангошвили Зурабан 18, 21 шераш долу ши кIант.

Меттигерчу нохчийн диаспоран жигархоша бинчу хаамца, вежарий мичча хенахь Швецера дIахьажо мегаш бу шаьш схьабевллачу Гуьржийчу. Болчу хаамца, иза хила дезаш дара оршотан дийнахь, амма ца девзачу бахаьаница тIаьхьатеттина.

Нохчийн диаспоран векалша дийцарехь, карарчу хенахь Хангошвилин гергарнаш юкъараллин тидам тIебахийта гIерташ бу шайца хIоьттинчу хьолана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG