ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хангошвили верах лаьцна керла хаам бина немцойн лерринчу сервисаша


Берлин, полици. Гайтаман сурт

Немцойн лерринчу сервисаша дийцарехь, нохчийн мухIажар Хангошвили Зелимха вийначул тIаьхьа лаьцна стаг цул хьалха, юьхьарлаьцна Iалашо а йолуш, лелла Европехула, "билггал инструкцеш елла волуш санна", хаам бо InoPressa сайто, Германерчу Süddeutsche Zeitung-на тIе а тевжаш, яздо "Собеседнико".

Süddeutsche Zeitung гIирсо дийцарехь, Иркутскехь 1970-чу шарахь виначу Соколов Вадим Андреевичан цIарца паспорт шегахь долу зуламхо, Парижерчу аэропорте а веана, цхьана ханна Варшаве вахана хилла, Марсхьокху-беттан 20-чу кхаччалц хьешан хIусамехь чоь а лаьцна.

Цу стага, хаттарна жоьпаш дала ша реза ца хилале хьалха талламхошка хаам бинера, ша Варшаве ваха дагахь ву аьлла.

Оццу хенахь, немцойн лерринчу сервисашна хиина, цу паспорта тIехь волу Соколов Вадим цIе йолу стаг баккъалла а цкъа а хилла цахилар.

Талламхой къастош бу и стаг хьалха адам дерна чувоьллина хилла ву, боху хаам а, ткъа иштта кхечу пачхьалкхан лерринчу сервисо цуьнан бакъйолчу цIарах лаьцна шайга бина хаам а.

Хьажа комменташка

XS
SM
MD
LG