ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказерчу гIалгIазакхийн кхоллараллан фестиваль хилла Нохчийчохь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ГIалгIазакхийн халкъан исбаьхьаллин кхолламалле хьажаран ловзар хилира Шелковски культуран кхерчехь. Цуьнан цIе яра "Сакъера станичникаш!" (Гуляй, станичники!), хаам бо "Грозный-информ" агенталло. Оцу фестивалехь дакъалоцуш бара Нохчийчохь дехачу дерриг а къаьмнийн културан векалш.

Цул сов, цу исбаьхьаллин кхолламалле хьажаран ловзарехь дакъалаца баьхкинера Ставрополан махкарчу Курски кIоштара "Цхьаьна ирсе ду" (Вместе счастливы) тобанан йишлакхархой а, Дагестанера Пачхьалкхан ГIизларан Теркан гIалгIазакхийн ансамбль а.

Фестивалан программана юкъахь яра "ГIалгIазакхийн базар". Цигахь гайта а, дохка а дехкина дара говзанчаша куьйга дина тайп-тайпана гайтаман исбаьхьаллан а, кхин долу а сурсаташ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG