ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркица машаран дийцарш дӀадахьа дагахь ю Талибан


Талибанан делегацина коьртехь волу Станикзаи Шер Мохьаммад Iаббас. Катар, ДохIа. 8Товб.2019
Талибанан делегацина коьртехь волу Станикзаи Шер Мохьаммад Iаббас. Катар, ДохIа. 8Товб.2019

Талибанан делегацин дагадовларш хилла Москох Оьрсийчоьнан куьйгалхошца. Меттигерчу зорбан гIирсаша бинчу хаамашца, йийцаре йина ОвхIанистанера машаран процесс.

Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло хаам бина журналисташка, "Оьрсийчоьнан агIор билгалдаьккхина хилар, Iамеркана а, Талибанана а юкъахь дийцарш дӀадахьар оьшуш хилар".

Талибанан делегацина коьртехь волчу Станикзаи Шер Мохьаммад Iаббаса Russia Today телеканале дийцарехь, Iамеркаца бинчу бартана тIе куьг таIо кийча хилла уьш, президенто Трамп Долнальда, цIеххьана иза "белла" олуш.

Трампа иза дира Кабулехь, Iамеркан эскархо а вуьйш, талибаша теракташ йинчул тIаьхьа.

Станикзаи дийцина Iамеркан исторехь уггар еха операци йолу ОфхIанистанера тIом дIаберзорах болчу бертан цхьадолчух лаьцна. Цо дийцарехь, дан дезарг ду кхоччуш герзаш деттар сацор, кхерамазаллица Iамеркан эскарш арадахар, офхIанхошна юкъахь дийцарш долор.

Станкизаис билгалдаьккхина, Талибанан делегаци дагахь хиларх лаьцна Iамеркица машаран дийцаршка юхаерза. Амма шаьш кхин дIа тIом бан а кийча ду, боху цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG