ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Навальныйс юьйцу петар шен Москох хилар бакъдина Чемезовс


"Ростех" пачхьалкхан корпорацин куьйгалхо Чемезов Сергей
"Ростех" пачхьалкхан корпорацин куьйгалхо Чемезов Сергей

"Ростех" олучу пачхьалкхан корпорацин куьйгалхочо Чемезов Сергейс РБК-на ша еллачу интервьюхь комментари йина шен долара ара-чу ца баккхалун бахам хьокъехь Навальный Алексейс биначу талламна, хаам бо Маршо Радион Оьрсийн сервисо. Цо бакъдина коррупцица къийсам латторан Фондо юьйцу петар шен Москох хилар, амма дIахьедар дина цуьнан мах 5 миллиард соьмал лахара бу аьлла – и мах аьллера Навальныйс.

"Нагахь 5 миллиард сом цунах суна дала кийча стаг велахь, со кийча ву цунна хIинцца догIанаш дIадала а: "ДIадели, схьада ахча" ала а. Оццул мах болуш яц иза", - аьлла Ростех-ан куьйгахочо.

Чемезовна хетарехь, ша санна лакхара дарж дIалоцучу стагана критика яр, дукхачу хьолахь бахьана доцуш иза ялахь а, мегар долуш хIума ду. Чемезовс ша хьал долуш стаг ву боху, амма чIагIдо шен "яхташ а, кеманаш а дац я гIаланаш ян дагахь а вац" ша бохуш.

Чемезовн петарх лаьцна Навальныйн таллам арабаьллера кхушеран Чиллан-баттахь. Оппозиционеро дийцарехь, иза шина тIегIанехь йолу петар ю Кремлан уллехь йолчу "Москва" хьешан хIусамехь йолу. Чемезовн зудчуьнан декларацехь хьахийна ю, чохь адамаш дехаш йоцу 1400 соавйиъкъо метар майда йолу чоь санна.

Коррупцица къийсам латторан Фондан куьйгалхочо цуьнан мах хIоттийнера 5 миллиард сом.

Чемезовн интервью буьззинчу барамехь РБК-но зорбане йоккхур ю оршотан дийнахь.

Политологаша а, кхин болчу комментаторша а дуьйцу, Чемезов Сергей Путинан юххера стаг ву бохуш. Путин а, Чемезов а вовше вевзаш ву 1980-чу шерашкахь и шиъ Малхбален Германехь хиллачу хенахь дуьйна. Путин а, Чемезов а цхьана белхан машенах пайда а оьцуш, Дрезденехь вехаш хилла цхьана цIенна чохь.

Чемезов ву Iамеркан санкцешна кIеллахь. Цо куьйгалла дон "Ростех" ю Оьрсийчоьнан тIеман-индустрин комплексан уггар яккхийчерах йолу корпораци.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG