ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

15 000 соьме хьаладера ду пенси Оьрсийчохь 2020 шарахь


2020 шо тIекхочуш Оьрсийчохь юккъерчу барамехь пенси хир ду 15 000 сом, ткъа болх беш боцчу пенсионерашна лур ду 16 400 сом. Цунах лаьцна дуьйцуш ду вице-премьеран секретариатехь кечдинчу кехаташна тIехь, хаам бо "Оьрсийчоь тахана" телеканало.

Оьрсийчоьнан Росстато бинчу хаамца, карарчу хенахь Оьрсийчохь юккъерчу пенсин барам бу 14 150 сом. Цу урхалло чIагIдарехь, иза 1,4 процентан алсам ду цхьа шо хьалха хиллачулла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG