Iамеркан пачхьалкхан секретаро Помпео Майка ГIажарийчоьнна тIедиллина СаIудийн мехкадаьттан заводашна дронашца тIелатар даран жоьпалла. Помпеос дийцарехь, "Тегерано цкъа ца хилла тохар дина дерриг дуьненехь мехкадаьтта латторна".
Тохарш дина Гезгмашин-беттан 14-хь Iуьйранна сатосуш. Iамеркан Пачхьалкхан департаментан куьйгалхочо тоьшаллаш ца хилар билгалдоккху уьш Йеменан территорин тIера дина хиларан. Помпеос бехке вина ГIажарийчоьнан президент РоухIани Хьассан а, ГIажарийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министр Зариф Джавад а "харц дипломатин кепаш" лелорна.
Де хьалха, дронийн хIаваан тохар лайначу Aramco компанино 5 миллион чермана лахдина дийнахь-бусий мехкадаьтта даккхар.
Йеменерчу гIаттамхоша-хуситаша дIахьедина, 10 дрон дакъалоцуш а йолуш, и тIелатар дар шайн болх бу аьлла.
Дуьненерчу зорбан гIирсаша яздо, иза вовшахтоьхнарш ГIажарийчоь а, цу пачхьалкхехьа болу ницкъаш а хила мега бохуш.