ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францехь ваха хаа лууш ву Оьрсийчохь веха Сноуден Эдвард


Информаторш ларбарна хьажийначу горгачу стоьлан декъашхошна хьалха къамел деш ву Сноуден Эдвард, Страсбург, Зазадоккху-бутт 15, 2019 шо
Информаторш ларбарна хьажийначу горгачу стоьлан декъашхошна хьалха къамел деш ву Сноуден Эдвард, Страсбург, Зазадоккху-бутт 15, 2019 шо

Оьрсийчохь вехачу Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн Къоман кхерамазаллин агенталлан белхахо хиллачу Сноуден Эдварда дIахьедар дина, ша сатесна хиларх лаьцна, президенто Макрон Эммануэла Францехь ваха хаа шена бакъо яларе. Цо интервью елла Францерчу France Inter радиостанцина. Иза эфирехь хир ю гергарчу деношкахь.

Хьалхо Iамеркан NPR (Къоман юкъараллин радио) радиона ша еллачу интервьюхь Сноудена билгалдаьккхира, ша Оьрсийчу ваха лууш вацара, ткъа цига ларамаза кхечира ша, Москох аэропортехь ша кема хуьйцуш волчу заманна Iамеркан Iедалша шен паспорт харц дарна аьлла.

Шен мемуарийн книга араяларца доьзна The Guardian газетана еллачу интервюхь Сноудена дийцира, шен Оьрсийчуьрчу дахарх лаьцна. Цуьнан дешнашца аьлча, "хаьлхалера шерашца дуьстича, иза карарчу хенахь мелла а кIезиг кхоьруш ву, шена бохам хиларна, лечкъош вац шен юьхь, маьршша дIасалелаш ву Оьрсийчохь".

Сноудена бакъдира ши шо хьалха ша Iамеркахо ялийна хилар. Цу шиммо доьзал кхолларх лаьцна кехат делла Москох загсехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG