ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхузахь дIахадийна, дIогахь тIетоьхна



Нохчийчуьрчу Iедалхоша хуьйцуш ду кIоштйин дозанаш

Масех Нохчийчуьрчу кIоштахь референдум дIаяьхьна шина кIоштан дозанаш хийца Iалашонца. Доккхачу декъанна, Грозненск кIоштарчу бахархойн а, Соьлжа-гIала мел ю дIасаяьржинчу масех кIоштан а меттигаш.

ТIехьа-Мартанарчу бахархоша кхаьжнаш тесна хилла Буммат эвла Сунжа- кIоштех дIатоха аьлла. Официалан зерашца, 84,9 % наха кхаж тесна. Дуьхьал бевлла 14,8 процент бахархой.

Ма дарра аьлча, Бумматан бахархойн дахарехь хийцаделла кхи дIоггара хIума а дац, амма царна атта хир ду Сунжа-кIоштан Серноводскехь шайн гIуллакхаш листа а, лелон а.

Бакъду, цхьа кIезиг казус нисъелла: Бумматахь хиллачу референдуман жамIашца цхьана нисделла, Грозненск кIоштан долара а яьккхина, Хьалха-Мартанах дIатоьхначу ГIуларехь нисделла зераш а. Оццу кIоштана чуйогIу хIинца Йоккха АтагIа а.

ЧIишкара а, Лаха-Варандара а, Доча-Борзера а бахархой реза хилла шайн ярташ Шуьйта кIоштах дIатохийта, хIунда аьлча, Соьлжа-гIалел а герга ю царна Шуьйта.

Соьлжа-гIалин къилбехьара Пригородное а, Гикало а олу ярташ нохчийн коьртачу шахьарах дIатоьхна. Шен къилба-малхбузерчу эвланех яьлла Грозненск кIошт.

ТIейогIучу заманчохь хийцамаш хир бу БердакIелахь а, Примыкание олучу юьртахь а, Чечанахь а. Уьш дIатухур ю Устрада гIалех.

БердакIел Устрадаца доза тоьхна лаьтта. Бахархошна хетарехь, "Устрадех эвланаш дIатоьхча некъаш тодийр ду, дешаран а, медицинан а хьелаш толур ду".

Чечанахь дерг дийца даьккхича, кхузахь ца кхета, Устрадана 20 километар гена ма ю иза. ГIоле хир дара, нагахь санна Устрадаца букътоьхна Iуьллу Мескар-Эвла цунах дIатоьхнехь.

Оцу бIостане хиларо гойту, ярташ вовшахтоьхна, Устрадех дIатохар леррина и гIала чIагIъян Iалашонца дина цахила. Соьлжа-гIалин къилберчу Грозненск кIоштан цхьа дакъа дIадаккхархьама долийна ду.

Билгалдаккха догIу, муниципалитетийн дозанаш хийцарх дийца даьккхира хьалхо Устрада гIалин мэр лаьттина Темирбаев ИбрехIим дIаваккхале дуьйна а. ХIетахь дуьйцура, Темирбаев даржера вохон бахьана цунах дийр ду бохуш.

"Кавказ.Реалии" портало яздира, Товбеца-бутт бовш Нохчийчоьнан куьйгалхочун гергара стаг, Соьлжа-ГIалин полисхойн куьйгалхо лаьттина Кадыров Хас-Мохьмад Устрада гIалин мэр хIотторах.

Порталан корреспондентца хиллачу къамелехь Устрадин бахархоша керла веанчу мэрна а, цо йохучу гIулчашна а шаьш цкъачунна догреза хилар дIахаийтира. ГIала шорйича, шайн шахьаран бюджет а совйоккхур ю аьлла хета царна.

Мэр лаьттина хила Темирбаев ИбрехIим цкъачунна Устрадехь шен хIусамехь вехаш ву. Кадыров Рамзана кхечу дарже дехьавоккхуш ву иза баьхнехь а, тахана а цхьанхьа а балха хIоттонза ву иза.

Ишта шайн даржех бевлла цуьнца болх беш хилла болу дуккха а хьаькамаш а.

Материалан автор "Кавказ.Реалии" порталан автор Билалов МаIаз

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG