ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Манцигов Абуезед - шозлагIа а дуьненан чемпион


Нохчийн охьатохархлатархо (желтой-римахойн кеп) Манцигов Абуезед дуьненан чемпион ваьлла Кахастанан шахьарахь Нур-Султанехь йоьдучу чемпионатехь.

72 кийлан категорехь леташ волчу Манциговс финалан латарехь 9:0 жамIца эшийна Узбекистанера Варданян Арам.

26 шо ду Манцигов Абуезедан. Кхушеран Европерчу чемпионатехь а туьйлира иза.

Манцигов воцург кхин а массех нохчо ву Нур-Султанерчу дуьненаюкъарчу чемпионатехь меттигаш къовсуш.

XS
SM
MD
LG