ХIора шарахь хуьлучу YouTube NextUp конкурсан кхушарлера жамIаш кхайкхийна Google компанино. БIеннаш YouTube-каналех 12 "дика тIаьхьалоерш" схьахаьржина эксперташа. Царалахь ю Нохчийчуьрчу вахархочо лелош йолу Beshta Live канал а.
Шо бен дац "Бештас" шен канал кхоьллина. Цо дуьйцу шех, шен накъостех, ша мохк гезбеш дуьхьалдетталучу дикачу адамех лаьцна, йовзуьйту Нохчийчоь.
Кхушарлерчу YouTube конкурсехь дакъалоцуш бара Оьрсийчуьра, Беларусера, Казахстанера, Азербайджанера блогерш. Дерриг а къовсамехь хилла канал дара 675.
Массех махкахь YouTube яржорах жоп лучу тобан куьйгалхочо Аслаханов Джавида дийцарехь, толамхой къастош эксперташа юьхьаръийцира контент башха хилар, йовзуьйту керла информаци каналан коьртачу темица яр, хиндерг долуш хилар.
Толамхошна мастер-класс гойтуш, пхеа дийнахь видео йоккху къайленаш йовзуьйтур ю YouTube-н говзанчаша. Цул сов, Next-Up яьккхинчарна беза мах болу видеогIирс эца сертификаташ а лур ю Google компанино.