ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Байна нах лоьху 28 нохчо ваьлла Европан кхеле


"Новая газетан" скан, Нохчийчохь шаьш лаьцна 56 стаг вийна махках доладечара 2017 шеран юьххьехь, чIагIдо газето

Страсбургерчу адамийн бакъонийн кхеле аьрзнаш чуделла Нохчийчохь 2016-гIа шо довш - 2017-чу шо долалуш лаьцна, доьза вайинчу 8 стеган гергарчара – верриг а 28 стаг ву арздинарг. "Керлачу газето" ("Новая газета") бахарехь, нохчийн полицино хIаллакбина нах бу буьйцурш.

Бакъоларъяран "Мемориал" центро дийцарехь, арздинчара далхадо шайн гергарчарна гIелояр, цаьргара маршо дIаяккхар, синош дахар, шайн аьрзнаш Оьрсийчоьно тергал цадар.

Аьрзнийн авторша чIагIдарехь, Нохчийчуьра ницкъхой бу церан гергарнаш лецнарш, доьза байинарш, гарехь, хIаллакбинарш. Iедало харцдина ша уьш лецар, ца бина таллам.

"Бакъонан инициатива" проектан адвокаташа тоьшалла дарехь, Нохчийчуьрчу хьаькамаша кхерамаш тийсина байначийн гергарчарна, кхелашкахула шайн бакъо лаха царна доьхкуш.

2016-чу шарахь полисхошна тIелатарш динчул тIаьхьа Нохчийчохь лецира, цхьацца хьасташа бахарехь, 200-400 вахархо.

Оцу нахах 56 стаг герзаш тоьхна вийна Соьлж-ГIалахь, Кадыров Ахьмадан цIарх йолчу полкан декъа тIехь, тешна ду "Керла газета". Цуьнан корреспонденте Милашина Еленига байинчу нахах 27 стеган цIе дIаелла ФСБ-рчу хьасто.

Хьажа комменташка

XS
SM
MD
LG