ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьра муфтият дIакъовла сацийна кхело


Муфти Хамхоев Iиса
Муфти Хамхоев Iиса

ГIалгIайчоьнан Лакхарчу кхело шен сацамца дIакъовлуш ю махкара муфтият. "Интерфакс-Юг" агенталло бечу хаамца, кхеле арздинарг ю Оьрсийчоьнан юстицин министраллин ГIалгIайчуьра урхалла.

2015-чу шарахь, ша ГIалгIайчохь куьйгалхо волчу хенахь Евкуров Юнус-Бека емалъян йолийра мехкан муфтият, муфтина Хамхоев Iисана хьоьхура шегара дарж охьадиллар.

18 шарахь Iийна Хамхоев мехкан муфти. 2014-чу шарахь кхозлагIа хаьржира иза оцу дарже. Ткъа кху аьхка, массех бутт хьалха, муфтиятан хIусамах хьаьвсира ницкъхой, лебира цуьнан белхахой. Оцу бахьаница ярташкарчу имамаша арз хьажийра Оьрсийчоьнан инарла прокуроре Чайка Юрийга.

ТIаьхьо шайн гуламехь ГIалгIайчуьрчу Iеламнехан лакхарчу кхеташоно, кхаьжнаш а тесна, муфтин меттиг дIабелира мехкан къедига Мартазанов Iабдурахьмане.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG