ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Трамп: ГIажарийчоь лаьтта, "гарехь", CаIудийн Iаьрбийчоьнна динчу тохарна тIехьа


ДIадаханчу кIиранан буса СаIудийн Iаьрбийчоьнан мехкдаьттан хьасташна динчу тIелатаршна тIехьа, "гарехь", ТехIеран лаьтта, аьлла оршоьтадийнахь Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента Трамп Доналда.

Делахь а, ша ца воллу Штаташца гергарло лелочу махканна динчу зуламна сихонца тIеман ницкъаш дуьхьалбаха, оцу Цхьаьнатоьхначу Штатийн экономикана, энергетикан сурташ юхку пачхьалкх иза хиларе терра, дан зен дацахь а, дIахьедина Трампа.

ТIелатар – иза "прецедент йоцу агресси а, нехан болх бохор а ду", аьлла СаIудийн Iаьрбийчоьно, амма тIелеттарг ю аьлла, ГIажарийчоьнан цIе ца яьккхина. Хилларг талла Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацин эксперташ кхайкхина шайн махка Эр-Риядо. Чохь пилот воцчу дронашца Saudi Aramco компанин мехкдаьттадоккхийлашна тIелатарш шаьш ду, аьлла ГIажарийчоьнца зIенашкахь болчу Йеменерчу хуситийн гIаттамхоша.

ТехIерано ша яц боху динчу тIелатаршна бехке.

ТIедогIучу кIиранах Цхьаьнатоьхначу Къаьмнийн организацин Инарла Ассамблеян Нью-Йоркерчу цхьаьнакхетаршкахь вовшашна ган тарло аьлла дара ГIажарийчоьнан а, Цхьаьнатоьхначу Штатийн а президенташ. Амма СаIудийн Iаьрбийчоьнна дина тIелатар а долуш, цунна бехке ТIехIеран а еш дирзинчу хьолехь и тайпа цхьаьнакхетар хуьлийла дац, дIахьедина гIажарийн президентан пресс-гIоьнчалло.

Динчу тIелатаро СаIуда Iаьрбийчоьно доккхучу мехкдаьттан ах барам лахбина – дуьнено хIора дийнахь духкучу мехкдаьттан 5%. Iамеркахь 13-14% лакхабевлла мехкдаьттан мах оршоьтадийнахь (хилла дац иштаниг 1990-чу шарахь дуьйна схьа).

Эшна меттиг ягIахь, шайн пачхьалкхан мехкдаьттан резерваш яста магийна Трамп Доналда.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG