ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нурмагомедов Хьабиба $100 000 делла Порье Дастинан фонде


Порье Дастин а, Нурмагомедов Хьабиб а (коллаж)

UFC-чемпионатехь ша эшийначу Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташкарчу Порье Дастинан сагIин фонде 100 эзар доллар тесна Нурмагомедов Хьабиба.

«Чемпионат» портало бахарехь, Порьес бина и хаам. И ахча Угандехь хьогах дехачу адамашна гIунаш яхийта дIахьажийна, "цунах дукха наханна гIо хир ду, ас лаккхарчу меха дуьллу иза, баркалла а боху", -аьлла Порьес.

Абу-Дабехь UFC-н латаршкахь Дастин Порье а эшош, шегара дуьненан чемпион цIе тIечIагIйира Нурмагомедовс. Цигахь цо дош делира Поьрен фонде ахча дилла.

XS
SM
MD
LG