ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчоьнна пхи министр къастийна Калиматовс


ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Калиматов Махьмуд-Iелас дечу омранашца а догIуш, дено-дено хуьйцуш бу мехкан урхаллашкара хьаькамаш.

Пхи де хьалха ГIалгIайчоьнан премьер-министр хIоттийна Калиматовца цхьаьна болх бина (гIоьнча-хьехамча вара иза) Суриков Константин.

Оршоьтадийнахь пхи министр хIоттийна.

Юьртбахаман министран дарж делла Гагиев Мохьмаде (хьалха унитаран "Орджоникидзевский" бахамехь болхбеш вара иза).

ГIишлошъяран, архитектурин, коммуналан бахаман министр хIоттийна Балахаев Микаил ("гIишлошъеш зеделларг ду цуьнан", боху Iедалан сайто).

Арахьарчу зIенийн, къоман политикан, зорбан, информацин доладар тешийна Волков Русланна (Исламан синбахамалла кхиош а, дешаран хьукматашна гIодеш а йолчун фондехь болх бина цо 5 шарахь).

Спортан министран декхарш ханна кхочушдан къастийна Моргустов Мохьмад.

Дешаран, Iилманийн министран декхарш кхочушдар тешийна Бокова Эсетна (Соьлжехь (Орджоникидзевски) №1 лицейн директор яра иза).

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG