ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

СаIудийн мехкадаьттан заводашна тIелатар динчул тIаьхьа тIом ца беза шена, боху Трампа


 Трамп Доналд
Трамп Доналд


Iамеркан президенто Трамп Доналда оршотан дийнахь дIахьедар дина, гарехь, ГIажарийчоь йолчух тера ду СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкхан заводашна тIелатар динарг, амма билгалдаьккхина тIом боло ша лууш ца хилар, яздо "Рейтер" агенталло. Оцу тохарша дестийна мехкадаьттан мехаш, кхерам тесна Гергарчу Малхбалехь керла тIеман конфликт хиларан.

Шоьтан дийнахь ГIажарийчоьно юхатуьйхира, тIаьхьарчу иттанаш шерашкахь ца хиллачу кепа мехкадаьттан мехаш хьала а дохуш, кху дуьнентIехь уггар яккхийчерах заводана зе а деш, динчу тохаршна тIехьа лаьтташ ша ю аьлла Iамерко бехкбиллар.

Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, ГIажарийчоьнан а юкъаметтигаш телхина президенто Трамп Доналда стохка, зарратан программа хьокъехь гIажарошца бинчу бартана юкъара а ваьлла, царна санкцеш кхайкхийначул тIаьхьа.

Цул сов, Вашингтон Iаткъам бан лууш ю ТехIранна, цуьнга гIортор ярд итийта дагахь цхьацца махкал арахьарчу ницкъашна, шайна юкъахь СаIудийн эскарша тIом бон 4 шо зама йолу Йеменера хуситаш а болуш.

Трампа дийцарехь, Цхьаьнатоьхна Штаташ хIинца а толлуш ю СаIудийн Пачхьалкхана тохарш динчу ницкъашна тIехьа лаьтташ ГIажарийчоь ю-яц боху хаттар, амма "карарчу хенахь гуш долу сурт иштта ду".

Ша президентан даржехь яьккхинчу хенан доккхахадолу дакъа шена битинчу тIамех Цхьаьнатоьхна Штаташ кIелхьаръяккха гIерташ дIадаьхьна Трамп дагахь вац керлачу тIеман конфликтана юкъаваха СаIудийн Iаьрбийн Пачхьалкхан цIарх.

Хьалхо Маршо Радионо хаам бина ма хиллара, СаIудийн мехкадаьттан заводашна дронашца тIелатар дина Гезгмашин-беттан 14-хь Iуьйранна сатосуш. Iамеркан пачхьалкхан секретаро Помпео Майка​ тоьшаллаш ца хилар билгалдоккхира уьш Йеменан территорин тIера дина хиларан. Помпеос бехке вина ГIажарийчоьнан президент РоухIани Хьассан а, ГIажарийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министр Зариф Джавад а "харц дипломатин кепаш" лелорна.

Де хьалха, дронийн хIаваан тохар лайначу Aramco компанино 5 миллион чермана лахдина дийнахь-бусий мехкадаьтта даккхар.

Йеменерчу гIаттамхоша-хуситаша дIахьедина, 10 дрон дакъалоцуш а йолуш, и тIелатар дар шайн болх бу аьлла.

Дуьненерчу зорбан гIирсаша яздо, иза вовшахтоьхнарш ГIажарийчоь а, цу пачхьалкхехьа болу ницкъаш а хила мега бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG