ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Президентан харжамийн жамIаш къуьйсу абхазаша


Массех де ду Абхазехь бирзинчу президентан харжамийн жамIаш къовсамехь долу а, уьш мехкан Лакхарчу кхело луьсту а.

Арздинчу оппозиционеран-кандидатан Квициниа Алхасан адвоката Габелая Ингас кхелахой хийцар дехна тахана, "уьш юьхьанца дуьйна а харцонца цхьаьнатоьхна" хиларна.

"Лакхарчу кхелан куьйгалхочун Барциц Анрин метта Пилия Оксана хIоттийнера дов листа (Барциц девна юкъараваьлла, Квациниа шен гергара стаг хиларна – ред.). Амма иза тоаме дац, кхелан хьалханча хуьйцуш велахь, массо а кхелахой хийца беза ", - чIагIдо Габелая Ингас.

Амма адвокат харц ю, цуьнан дехар кхочуш дан бух бац, аьлла хета кхелехь жоп лучу агIонна – Харжамийн комиссина а, президентан даржехь чIагIвала гIертачу Хаджимба Раулан векална а.

Де-буьйса хан ю Лакхарчу кхелан, низамца а догIуш, адвокатан Габелая Ингин дехар листина даккха.

КIира ду Квициниа Алхас кхеле ваьлла – Харжамийн комиссино харцо чекхъяьккхина, ца тоьлла харжамашкахь Хаджимба, чIагIдо оппозиционеро. Низамо 10 де ло кхеланна сацамбина яла.

ЖамI шеконе даьккхинарг ду Абхазин низамаша, харжамаш шолгIачу рогIе бевлча, муха къасто веза толамхо дуьззина гойтуш дацар. ШолгIачу турехь Хаждимба Раулна кхаьчна харжамхошкара 47,39% кхаьжнаш, ткъа Квациниана - 46,17%. Оццул жимачу башхалло ца ло Хаджимба тоьлла, иза президент ву ала бакъо, боху цунна дуьхьаллаьттачу оппозиционеро.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG