Соьлж-ГIала боьдучу новкъахь, Iалхан-ГIалина гергахь, стомара сарахь вовшахкхеттачу шина "Приора" машено ялх стаг вийра.
Билгалдаьлла ялханнах пхиъ цхьана доьзалера хилар: да а, цуьнан ши йоI а, оцу шина йоьIан ши бер а. Ткъа лазийна, дарбанцIийнехь ю веллачун зуда а, беран бер а. И хаам баржийна Нохчйчоьнан некъан инспекцино.
Трасси тIехула йогIучу машен дуьхьалъиккхина Iалхан-Юртарчу некъа тIера арайолуш хилла Приора. Велла оцу машенан да а.
Шо доладелчхьана схьа Нохчийчуьрчу некъахьовзамашкахь велла 80 стаг. И терахь хIинцале ду дIадахначу дерриг а шарахь некъашца хиллачу бохамийн бараме кхочуш.
150 гергга некъахьовзам хилла кхушара, белларш боцуш, лазийнарг ву 200 стаг.