ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шича верна бехкево ХIирийчуьра вахархо – "кIон дош" аьлла хилла вукхо


24 шо долчу Къилбаседа ХIирийчоьнан вахархочо шен шича вийна, хаамбина "Кавказ.Реалиига" полицерчу хьасто.

Байначу беттан юьххьехь Бесланехь хилла бохам. Молуш Iаш хилла ши шича, царна юкъа дов доьлча.

Цхьаммо вукхунна "кIон дош" аьлла. Жимах волучо, моха еана, урс диттина шел воккха волчу шичина. Йинчу чевнех велла стаг, боху полицино.

Дийцарехь, ша шича вийна ваьлча дIа а ца вахана кIант – къола дина цо веллачунна.

"Цо шеца дIаяьхьина цуьнан телефон, йоьхкина 6 эзар соьмах. Полици лорах кхуьучу юкъанна и телефон дIайохка а, ахча дайа а кхиина. Хьалха низам дохош хааделла а дац цо", - дийцира полисхочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG