ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лефортовон кхелехь лаьцна адвокат Хасавов Дагир


Хасавов Дагир (аьрру агIор)
Хасавов Дагир (аьрру агIор)

Ша тIехIоьттинчу, Лефортоверчу кхело бехк толлучу стеган девне варца лаьцна, Талламан комитете дIавигина вевзаш волу адвокат Хасавов Дагир, хаамбо «Коммерсант» газето.

Иза дакъалоцуш вара Дагестанехь премьер-министр Iийначу Гамидов Iабдулсамадан а, цуьнан гIовс лаьттинчу Юсуфов Раюдинан а девнехь, шолгIачун адвокат хиларца.

Официалехь хаийтина дац, хIун бахьанехь лаьцна Хасавов. Цуьнан коллегаша дийцарехь, иза доьзна хила тарло цо «цхьана теше, кхерамаш а туьйсуш, доцчух дареш дайтина бохуш, даржийначу эладитанашца».

Хасавов лаьцна дIавигарх тоьшалла до оцу процессехь дакъалуцучу адвоката Исецкий Эдуарда. ДIадахначу кIиранах дуьйна долийна, цо бахарехь, Дагестанехь лецна, кхеле балийначу наханна тIетIаткъамаш бар.

«Кхелан ладегIаршка лела тутьмIажигашкахь нах, могIархойн духарш доьхна ницкъхой, тхо массо а луьтту цара кхелан чоьнашна чудовлале. Къевлина еш ю кхел, амма чохь хуьлу девнехь дакъалоцуш а боцу ницкъхой. Цара парггIат шайн болх дIабахьа ца буьту адвокаташ», - дуьйцу Исецкийс.

Хьалхо Маршо Радионо довзийтира Гамидов а, Юсуфов а лацаран хьокъехь. Уьш бехкебо федералан программа кхочушъян Дагестане хьажийна ахча лачкъорна. Иза бакъ дац, бюджетан ахча дерриг а Iедалан объекташ еш дайина хилар гойту документаша, чIагIдо адвокаташа.

Лаьцна вигина адвокат Хасавов Дагир дIахецна вац карарчу ханна. Билггал хууш дац иза стенгахь ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG