ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Прокуратурехула воьду школе?


Ялх беран нана ю Наьсарара яхархо Гайтукиева Макка, цу тIе кхин а кхо бер ду цо доладан тIелаьцна. Цхьа шо зама ю иза хьаькамийн кабинеташчухула йолаелла ела, кхо бер ша ехачу меттигерчу интернат-школе дехьадаккха гIерташ. Амма йист йолуш яц цуьнан гIуллакхах.

Масех шо хьалха да кхелхира НальгиевгIеран 9 шо долчу Муслиман а, 12 шо долчу ИбрехIим-Хьаьжин а, 14 шо долчу Исламан а. Ткъа стохка нана а елира церан, Малгобекехь кхаьрца ехаш хилла йолу. Цул тIаьхьа кхеран дейишас Маккас шен хIусаме дIабигинера уьш кхаба а, церан Iуналла дан а.

Малгобекера ша ехачу Наьсарерчу интернат-школе шен вешин кхо кIант сехьаваккха гIерта Макка. Цунна атта хир дара царна тIехь терго латто а, уьш дIасалело а. Оршотдийнара шоьта дийне кхаччалц интернатехь доьшу кхаа вешо цигахь буьйсанаш а йохуш, ткъа шоьтадийнахь цIа балабо.

"Наггахь баккхийчеран хьокъехь со интернате кхайкхахь, кегийчаьрца вита стаг ца хуьлу сан. ТIаккха сайца цхьана уьш дIатекхо безаш хуьлу со. Шина сахьтехь бу цига некъ, юха оццул кIегар ян а. Iаламат ницкъ хуьлу суна а, берашна а", - дуьйцу Маккас.

Жоьпаш доцуш дуьсу кехаташ

Сайна бевзачу нехан гIоьнца кхаа вешех воккхахверг кадетийн корпусе нисвеш ю со, ткъа Муслим а, ИбрехIим-Хьаьжа а Наьсара схьа ца валийча ца волу шен боху зудчо.

"Евкуровна тIе а ма яхара со. Кхоазза дIаязъяйтира ас со цунна текхача, амма тIе ца лецира цо со. Цхьана дийнахь суо цунна тIе а яхна, дерриг а охьадийцира ас, амма проблема ца ерзийра сан цо а", - дуьйцу зудчо ша хьегначух. Маккас бахарехь, республикерчу дешаран министралло а тергал ца йина иза.

Гайтукиева Макке хьаькамаша дахкийтина жоьпаш
Гайтукиева Макке хьаькамаша дахкийтина жоьпаш

"Дукха хан йоццуш берийн омбудсмене Чахкиева Зареме орца дехнера ас. Прокуратуре дIахьедар де боху цо соьга. Ой, бераш школе дIаэцийта прокурор оьшу суна?", - ца кхета Макка.

Зудчо бахарехь, хьаькамашка корта биттина, хIоьттина иза, бераш долара даххал. "Оцу инстанцешкарчу адамийн кийрахь дог ца хилар дийцина а вер вац", - боху зудчо.

Бераш дIадига там бу олу хьаькамаша Гайтукиева Макке кест-кеста."Нагахь санна, хьаькамаша оцу берийн Iуналла асчул а дика дийр делахь, со дуьхьал яц уьш дIадигийта. Амма бакъду, цхьана хьаькамийн хьукматехь йа суна а, йа сан вешех дисинчу берашна а гIо деш стаг вац", - дерзадо шен къамел Маккас.

Чакхе йоцу ваIданаш

"Кавказ.Реалии" порталан корреспонденто комментари йийхира берийн омбудсменан Чахкиева Заремин аппаратехь. Хаам дIакхаьчнера цаьрга, амма жоп доцуш дитира цара дехар.

Бакъду, цу дийннехь, шеца цхьана дешаран министран декхарш кхочушден Угурчиева ПетIмат а, меттигерчу администрацин а, берийн Iуналла дечу хьукматан векалш а болуш, Гайтукиева Маккин цIа яхна хиллера Чахкиева Зарема.

Маккас юха а дийцина хиллера шен проблемех. Цо дийцарехь, баьхкинчара дош деллера цунна, мел а сиха цуьнан бераш кхечу школе дехьадохур ду шаьш аьлла. Амма хIинца а дIалаьтташ ду гIуллакх.

ГIалгIайчоьнан дешаран министраллехь тIечIагIдира "Кавказ.Реалиина" хьаькамаш Гайтукиева йолчу бахар бакъ хилар.

"Наьсарара интернат тIехюьзна ю, амма Гайтукиевас лелочу буоберийн гIуллакх луьстуш ду, хIара шо чекхдалале дIаоьцур болуш бу уьш", - аьлла, жоп делла министраллехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG