ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу Соьлжан кIоштанна кхин цIе туьллур ю


Нохчийчоьнан парламенто шен 68-чу кхеташонехь бинчу хаамца а догIуш, кестта цо дийцаре дуьллур ду Нохчийчоьнан Соьлжан кIоштан депутаташа шайн кIоштанна керла, "Серноводский", цIе тилла дехар.

Ишта хаам баржийна, спикерна Даудов Мохьмадан дешнашна тIе а тевжаш, "Нохчийчоь тахана" агенталло.

Ала деза, изза цIе йолу "Соьлжан кIошт" ГIалгIайчохь а ю. Оцу хьоло кегари кхуллу кест-кеста, хьахочо билгалдаккха дезаш нисло, хьенан махкара ю юьйцу кIошт.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG