ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

25 шо хьалха кIезиг нах бара хиндолчун ойла еш


Соьлж-ГIала, 5Дечк1995, архивера сурт
Соьлж-ГIала, 5Дечк1995, архивера сурт


Гезгамашин-бутт, аьхке чекхъяла лууш яц. Ткъа, даима а иза ма хиллара, ца лаьа хиланза ца йолучу гуьйренах а, кхин долчу ца хилча ца долучу хин долчух ойла ян.

Иштта хилла хир дара 25 шо хьалха а.

1994-чу шеран хьалхарчу 6 баттахь хеталора, машарца конфликт дIаерзо сатийсам буьсуш бу аьлла. Дечкен-баттахь Федералан гуламна хьалха вистхуьлуш Ельцина дIахьедира, юкъаметтигаш дIанисъяран бухехь "хила мега Нохчийчохь маьрша демократин харжамаш а, федералан Iедалца бакъонаш екъар хьокъехь дийцарш а аьлла.

Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думо Зазадоккху-беттан 25-хь тIеийцира "Федералан Iедалан органаша Нохчийн Республикан Iедалан органашца политикан юкъаметтигаш дIанисъярх лаьцна" цIе йолу сацам. И болх дIаболабале Думо шен биллам кхайкхийра - дуьненаюкъаралло терго а еш, керла харжамаш дIабахьар республикан Iедалан органашка а, Оьрсийчоьнан парламенте а.

Амма цуьнга хьаьжна доцуш, Ельцина тIедиллира Iедална Соьлж-ГIалица дагадовларш дIадахьар а, цу бух тIехь Нохчийн Республикица барт кечбар а.

Делахь а, шо юккъе долуш Шахрайн план олу "ницкъаца Iаткъам а беш, дийцарш дIадахьаран" дакъа доцчу хьоле дирзира. Нохчийчохь гучуевлира Москохо гIортор еш йолу оппозицина тIеман тобанаш. Аьхкенан юьхьенца Соьлж-ГIалахь герзашца вовшахтасадаларш хилара Дудаев ЖовхIаран агIончашна а, дуьхьалончашна а юкъахь.

Иштта Мангалан-беттан (июнь) 2-чу дийнахь Лабазанов Русланан тобано, герзаш а детташ, тIелатар дира Радион ЦIенна. Оццу баттахь 12-хь митинг хилира герзашца болчу оппозицин агIончийн, Дудаевн Iедале политикан тӀедожораш а кхийдош.

Мангалан-беттан 13-хь Нохчийн Республикан Ичкерин тIеман дакъоша дIалецира Лабазановн база. Цуьнан тоба дIасаяржийра. Кхелхира иттаннаш нах.

Цу юкъана жимма хьалха, Мангал-беттан 8-хь Оьрсийчоьнан федералан контрталламан сервисан (ФСК) Москох урхаллан хьаькамо инарла-майоро Савостьянов Евгенийс "вуно къайлаха" аьлла мухӀар долу кехат хьажийра Шахрайга, Нохчийчохь ФСК-но дан юьхьарлацначух дуьйцуш.

Оццу хенахь Дудаевн агIончашна куьйгакIеллахь йоцчу кIошташкахь а, Знаменски а, Девкар-Эвл а, Хьалха-Марта а ярташкахь а Оьрсийчоьнан Федерацин цхьамогIа структураша, уггар хьалха къаьмнийн гIуллакхашкахула йолчу министралло а, ФСК-но а гIортор а еш, кечам бара дIахьош Дудаевн Iедал дохор Iалашонца.

Цу гIуллакхна вовшахтоьхнера "оппозици", кхуллуш яра герзаца лела тобанаш. Мангалан-беттан 3-хь оппозицино дIабаьхьира Нохчийн халкъан гулам. Цуьнан декъашхоша хаьржира "Цкъачунна йолу республикан кхеташо" (Временный совет республики), Нохчийчохь дерриг а Iедал цуьнга дIа а луш.

Москох лаккхарчу Iедалан даржашкахь болчу наха дIахьедарш дора, Нохчийчуьра Цкъачунна йолу республикан кхеташо бакъдолу Iедал ду, ницкъ бу "Нохчийчоьнан территорин доккха дакъа шен Iуналлехь латтош болу а, "хьал меттадало" таро йолу а бохуш. Цу кхеташонна Оьрсийчоьнан Iедалша деллера 150 миллиард сом.

Цу юкъана, аьхка а, гуьйранна а Оьрсийчуьрчу Iедалехь дукха ца бисинера Нохчийчоьнна гонаха хуьлучунна Iаткъам бан таронаш йолу нах. Иштта, Гезгмашин-бутт болалуш Оьрсийчоьнан президенто Iуналла дон Аналитикан центре луш яцара Нохчийчоьнахь хьакхалуш йолу цхьа а информаци. Ткъа Лахьанан-бутт болалуш нохчийн проблемана тIера дIаваьккхира "ницкъаца Iаткъам а беш, дийцарш дIадахьар" концепцин автор Шахрай.

Оппозици вовшахтохар а, цунна гIо дар а дIахьош дара къаьмнийн гIуллакхашкахула а, регионийн политикехула а министро Егоровс а, цуьнан шина когаметто Котенковс а, Цаголовс а.

Мангалан-беттан 23-25 деношкахь Нохчийчохь хилира Савостьянов. 24-хь президентан администрацин коьртехь волчу Филатов Сергейс Москох къамел дира Автурханов Iумарца. 25-хь Филатовца цхьаьнакхийтира Нохчийчуьра цIавирзинчу Савостьяновца, ткъа 26-хь иза тIеийцира Ельцина.

Соьлж-ГIаларчу Iедалша дIахьедарш дора Оьрсийчоьнан ФСК Нохчийчуьрчу хьолана юкъагIертарх лаьцна. Ткъа Москох Iедалан векалша иза харц дора. Амма къайлаха дерг гучуделира Марсхьокху-беттан 25-хь, операцехь дакъалоцу ФСК-н полковник Крылов Станислав Ичкерин лерринчу сервисаша лаьцначул тIаьхьа. Цо тоьшаллаш дира телекамерина хьалха.

Оццу хенахь Нохчийчоьнна гонахарчу кIошташкахь гулдеш дара чоьхьарчу эскаран дакъош. Товбеца-баттахь Къилбаседа Кавказан тIеман гонан дакъошна, шайна юкъахь ГРУ-н 22-гIа къастийна бригада а йолуш, инспекци йира Оьрсийчоьнан тIеман министро Грачев Павела.

Дудаевна дуьхьал йолчу цхьайолчу герз лелочу тобанаша ницкъаллин акцеш дIахьош кхин болу оппозицин ницкъаш гIоьртира, Сосланбеков Юсуп коьртехь а волуш, 1991-чу шарахь дIасалаьллинчу Нохчийн Республикан Лаккхарчу Кхеташонан болх юхаболо.

Марсхьокху-беттан 1-чу дийнахь цу кхеташоно дIахьедира, барт бан аьтто бу федералан Iедалан органаша Нохчийн Республикан Iедалан органашца политикан юкъаметтигаш дIанисъян а, республикехь хин долчу Iедалх лаьцна документаш тIеэца а аьлла. Ша-тайпана конкуренци!

Ткъа шолгIачу дийнахь Автурхановс дехар дира Оьрсийчоьнан президенте, ша куьйгалла дон Цкъачунна аьлла кхоьллина кхеташо бен Нохчийчохь кхин Iедалан орган цахилар ларахьара аьлла, цунна гIортор а еш.

Автурхановс иштта дIахьедира, Дудаев а вохийна, дерриг Iедал шен караэцна ша аьлла. Автурхановс куьйгалла дечу кхеташоно дIакхайкхийра шен коьртачу Iалашонех цхьаъ кечбина харжамаш дIабаьхьна къоман дендаларан Iедал кхоллар хилар.

Ичкерин президенто Дудаевс дIакхайкхийра Автурханов ямартхо хилар, ткъа Марсхьоку-беттан 11-хь цо мибилизаци кхайкхийра Нохчийчохь, тIеман хьал юкъа а доккхуш.

Гезмашин-беттан 5-хь Аргунехь йохийра Лабазановн тоба. Ши де хьалха Оьрсийчоьнан Iедалша арахийцира нохчийн халкъе хьажийна кхайкхам. Оцунна тIехь дуьйцуш дара "хьал чолхе даьлла хиларх" а, Дудаевга къонахалла гойтуш хакъ ма-дду дарж дитаре а кхойкхуш. Амма гуш дара, Москохо тIеман гIо а ца деш, "оппозице" Дудаев даржера дIаваккхалур ца хилар.

Гезгмашин-беттан 5-хь Къилбаседа Кавказерчу эскаршкахь дIакхайкхийра тIом бан кийча хиларан лаккхара тIегIа. Таллам бар чIагIдира коьртачу некъашна тIехь. Тидаме ийцира стигалахь хуьлург.

Федералан Iедалша алсамдаьккхира Цкъачунна аьлла кхоьллинчу кхеташонан тIеман тобанашна гIортор яр. Оьрсийчоьнан Инарлин штабан омрица 1994-чу шарахь Гезгмашин-беттан 5-хь Къилбаседа Кавказан тIеман гоно чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехула оппозицин тобанашна елира 10 бронетранспортер а, ткъа иштта экипажашца цхьаьна 6 тIеман беркема а.

Гезгмашин-беттан 17-хь Дудаевн агIончаша гоне лецира Дэвкар-Эвла. Гезгмашин-беттан 20-хь Автурхановс дIахьедира, нохчийн проблема дIаяккха машаран некъаш ца бисина, ткъа шайн кхеташонан юьззина бакъо ю "Дудаевн режимана иза йожош тохар да" аьлла.

25 шо хьалха Оьрсийчоь болар эцна тIейоьдуш яра Хьалхарчу нохчийн тIамана. Амма, Гезгмашин-баттахь, даиман а хуьлуш ма хиллара, кIезиг нах бара, ца хилча ца долуш хуьлуш лаьттачу хиндолчун ойла еш.

Автор ву "Мемориал" центран кхеташонан куьйгалхо.

"Эхо Кавказа"

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG