ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iедало ши "террорхо" вийна Чегемехь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Къайлахчу сервисан (ФСБ) хьасташна тIе а тевжаш, ГIебарта-Балкхаройчуьрчу Чегем гIалахь контртерроран операци ю дIахьош, хаам баржийна ТАСС агенталло.

"Iуьйранна 5 сахьт даьлча контртерроран хьоле дерзийна Чегеман цхьа дакъа", - аьлла хьасто.

Оперативан штабера бинчу хаамца, гIаларчу цхьана цIа чохь экстремистийн тоба хила тарло аьлла болийна и барам.

"Гезгмашин беттан 17-чохь талламаш дIахьочу низамхошка информаци кхаьчна, терроран тохарш дан кечлуш йолу тоба а, цуьнца зIе йолу нах а гулбала тарло Чегемерчу доларчу цхьана цIачохь, аьлла", - даржийра йоьдучу операцин куьйгалхоша.

ТАСС-ан хьасташа бахарехь, тIемало хила тарлуш волу ши стаг вийна контртерроран барамехь.

"Ши тIемало вийна, хIинца толлуш ю меттиг", - аьлла хьасташа.

Байинчийн цIерш, дийцарехь, евзаш ю ницкъхошна, цара бахарехь, дагийначу цIа чохь карийна оьккху коьчал.

Чегеман кIоштан куьйгалхочо Текушев Артура, хилларг довзуьйтуш, боху: "ГIалахь хьал маьрша ду, со сайн балха тIехь ву, соьга, цхьа-ши сахьт даьлча операци йоьрзур ю, некъаш бостур бу аьлла".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG